Сказка на чеченском

Вахит Хаджимурадов
                Туьйра.  Бабин жима Дана.
Жима к1ант Дана цхьана к1ирана 1ен валийнера цуьнан нанас Бабий, Воккхададий волчу. Иза-м ч1ог1а хаза хан яра к1антана, кхузахь бабас куьйгаш т1е а вуьллий лелавора иза: даима хьоьстуш, мерза яах1уманаш еш. Мел мерза ч1епалгаш, хингалш дан хаьара бабина, мел мерза хуьлура х1инцца нохчийн пешара еттина яьккхина т1ера 1а а г1уьттуш сискал т1оберамца, сийначу хохашца, ц1ен хорсамашца. Ткъа угаре а Данина кхузахь хазахетарг – иза суьйрана раг1ук1елахь нохчийн пешана ц1еран серлонна хьалхахь бабас дуьйцуш долу туьйранаш. 1аламат дукха а хаьара бабина и туьйранаш. Ялх шо долу Дана шена улло а хаавой, цуьна хьалха нийса хадийна сирла к1ужал болу месашна т1ехула куьг а хьокхуш, хьостуш йолалора баба шеен туьйранех цхьаъ дийца:

Цхьана ширчу заманчохь, ворх1ломал ва дехьахь
1аш-ехаш ма яра цу къенчу цу бабин
Бутт санна ва хаза, малх санна сирла йо1!
Оцу йоь1ан ма вара, дог майра шеен долуш,
И къона иччархо, иэкханаш дайъархо.
Хазахетара цу йо1на и къона иччархо,
К1антана йо1 езара шеен сил а ва дукха.
Йо1на ма ца лаьа-кх т1ехьийзачу цу к1анта
Иэкханаш дойийла шер ирчу цу пхашца.

Оцу бабин жима ц1ено ма дара хьуьнайисттехь,
Бовхачу цу малхах гаьннашкахь хьулделла.
Куц хаза лу дара цу бабин ва йь1ан
Хьуьнхара кест-кестта хьошалг1а ша дог1уш.
Оцу луна кечйина бабин цу хазчу уьйт1ахь
Мерзачу цу хьаьжк1ийн буьртигаш хуьлура.
Шеен нанас шеен дена йина йиша ва санна,
Дезар-кха цу йо1на хьуьнхара хьаша лу.
Йо1 ч1ог1а кхоьруш яра иччархон цу 1одах,
Шок ета ира пха шеен луна кхетарах!

Кхийринарг кхочуш деш, ца лиънарг хуьлийтуш,
Цхьана хазчу суьйренца базбелла ког ойбуш,
Йо1 йолчу лу кхечи, къинхетам ша лоьхуш!
Т1иэхьара ког лоцуш пха буог1абеллера!
Куьгахара иэрча пха озийна баьккхина,
Чов сиха йихкина садо1ан дитир-кха
Цу бабин ва йо1а и хьаша миска лу.

Оцу сарахь суьйренца бузучу малхаца
И къона иччархо йо1 йолчу кхечир-кхи,
Оцу бабин хаза йо1 шена гаре сатесна.
Кертйистте йиэза йо1 схьакхайкха ва лиъна.
- Д1авала гучура! Дог къиза иччархо!
Кхин бабин кертйистте улло ма г1ерталахь, -
К1ант човхош элира оцу бабин ва йо1а,
Къахьвелла виэза к1ант уьйт1ара иэккхавеш.
- Ахьа х1унда, иччархо, цат уху ира пха
Исс ломана т1ехьарчу саьрмикан цу коьртех!
И шийтта шеен корта болчу цу саьрмика
Хьийзош ду бехк боцуш, къинхетам ва боцуш,
Исс ломана т1ехьарчу ярташкахь и адмаш! –
Аьлла ша витира йо1а къона иччархо,
Оцу бабин цу йо1а, оцу бабин кертйисттехь.

Х1ун хилла кхетаве! Бехк бу-те, бац техьа!
Сихалло кхоллуш бу шун хаза и безам!

Т1ехьийзачу к1ента 1ад куьгбехке дацара,
Йо1на-м и доцийла хууш ма дацара.
Яхьйолу иччархо йо1 кхетон ца г1оьрти,
Шен боцучу бехкана бехканза ца вели.
Дог майра иччархо некъана кича ву,
Саьрмикца къовсалуш цо хьуьнар гойтур ду!

Буьйсана йохаллехь, геннарчу некъана
Кечам беш ма вара и къона иччархо.

1уьйренца г1оттучу цу дашон малхаца
Ша ваг1ан велира и исс ломал ва дехьа,
Бехк боцу и ярташ саьрмико ягуочу,
Шен шийтта ва корта болчу цу мостаг1ца,
Ша ваьлла тасалуш майралла ва къовса!

Сатосуш 1уьйренца лам лекхачу ша волуш,
Х1инца а набарха балазчу цу малхе
Къона и иччархо хоттуш вара, мохь тухуш:
- Бос хаза дашо малх! Хьолла хаза х1ума дац
Доккхачу дуьненчохь, сийначу цу стиглахь!
Х1ай сийлахь дашо малх! Ахьа сунна гайтахьа
Исс ломана цу дехьа боьду и шира некъ!
Цу денна йохала ц1ен суьйре кхаччалца,
Дашон шеен з1аьнаршца гойтура цу малхо
Исс ломал цу дехьа боьду и шира некъ.

Цу ц1ечу суьйренца и дашон малх буьзича,
И къона иччархо дехаре волура
Детица кхелинчу юьхьгоргачу цу батте:
- Х1ай, сийлахьа беттаса, бос сирла горга бутт!
Цу 1аьржачу буьйсаннн буьззина да бу хьо!
Хьан лекхачу пурбанца догу цу буьйсанчохь,
Детин и бос лепа, юьхь хаза седарчий.
Исс ломана цу дехьа гайтахьа шира некъ!
Цу буьйсана йохаллехь садаржа г1ортталца,
Шен детин з1аьнаршца цу батто гойтура
Исс ломал цу дехьа боьдуш болу шира некъ!

Ц1аьххьана стиглана гуолоцуш хьаьвдинчу
Цу мокха бос болу мархашка доьхура
Къоначу иччархос некъ байна ша висча:
- Х1ай, масса ва мархаш, шун пурба ва доцуш
И сирла шайн яххьаш ца гойту дуьненна
Цу дашон ва малхо, цу детин ва батто!
Аша сунна гайталаш и б1аьхойн шира некъ!
Оцу пана ва махка саьрмак д1атарбеллача.

Гуонахарчу ярташна т1ехьйоцу и ясакъ
Оцу 1аьржачу саьрмико йохучу ярташка
Эххар а кхечира и майра иччархо,
Ладуг1уш йоцу юрт кийрарчу алунца
Саьрмико ягуочу ярташка кхечира.

Бехк боцу и ярташ латтаеш 1азапехь,
1аш-бехаш бара тов и буьрса ва саьрмак,
Шен шийтта ва корта лам буьххехь баржийна.
Цу къеначу ярташкахь и майра ва к1ентий
Цхьаберш ша багийна, вуьйш шаберш кхерийна,
Уьш гуора х1иттийна, ша лекха ва баьлла,
1аш-бехаш бара тов и 1аьржа ва саьрмак
Шен лекхачу лам буьххьехь ярташна цу юккъехь!

Бос 1аьржа и саьрмак бехачу цу лома,
Ярташка воьссира, ша хьаша ва хилла,
Къона и иччархо, дог майра иччархо!
Ярташкахь баккхийнарш, ярташкахь кегийнарш
Буьйлира сецаван иччархо шаьш ларавеш,
Буьрсачу саьрмикан амалах ийзалуш.

Хьаша-ма вацара къамелех 1ехалуш,
Терсмаймал тур долуш аг1онца оьллина,
«Т1анк!» - аьлла пхех юьзина 1одаца ботт болуш!
Ша девне ма вели саьрмикца иччархо!

Сатосчу седанца болийна буьрса т1ом,
Суьйренга белира, дов гена делира!
Суьйренца болийна т1ом, туолам ва боцуш,
1уьйренга белира, туоламхо ва воцуш!

Геннарчу лаьмнашкахь, юькъачу хьуьнайисттехь,
Бабин цу кертъйисттехь бабин йо1 лаьттара,
Б1аьрхишца сингаттам беснешт1ехь хаьддера,
Корзахен ойланийн баланехь лаьттара.
Цу когана чов йирзина бос хаза сийлахьа лу
Улло ша хилира цу бабин йо1ана,
Б1аьрхиш цуьна хааделла йо1е и дистхилира:
- Бабин йо1 ма елха, б1аьрхиш а легадеш.
Хьан везар вац хьуна пха сунна кхоьссинарг!
Дог майра иччархо куьг бехке вацара,
Саготтала хьун толлуш лелара жима стаг.
Цуьна куьйгах доьжна дац цу хьуьнхахь цхьа иэкха!
Бабин йо1, хьан везар исс ломал ва дехьахь
Саьрмикца къовсуш ву, г1о-накъост ва оьшуш!
Х1инццалца хьоьга а ца олуш 1ийна со,
Дуьххьала д1а лу хилла, 1аш дац со, хаалахь,
Сан йиша, хаалахь, Хьуьна Да сан дада ву!
Везачу цу к1антана орцаха хьо ялахь,
Со хьуна кийча ду г1о-накъост ва хила!
Б1аьрганег1ар туохале ас вайшиъ кхачор ду
Исс ломал цу дехьа, саьрмикан ломана т1е!
Бабин йо1 сихъели везаргана орцаха,
Тасадалар кхехкачу цу лома д1акхача!
- Хьаббелахь хьайн хаза и б1аьргаш! – ва олуш,
Бозбуанчал леладан дуьйлира сийлахьа лу…

Бабин йо1а биллича шеен хаза и б1аьргаш,
Йо1 яра шеен луца исс ломал цу дехьа,
Дог майра иччархо саьрмикца тасалучохь.

Исс корта буожийна иччархо ваьллера,
Ткъа х1инца ницкъа эшна висинера иччархо.
Оцу хенахь бабин йо1 к1айн г1абли лиэпаеш,
Х1оьттира к1антана г1о хуьлуш ша улло!
Ир-кара х1оьттира везаргана майра дог,
Чухьаьдда баьккхира цо, тур тоьхна шиъ корта,
Буолатан шаьлтанца ийцира т1аьххьарниг!

1азапехь лаьттина и ярташ мукъаяьхна,
Дог майра иччархо вирзира езарца
Шен хазачу хьуьнайистте маьршачу лаьмнашка!

Бабин йо1 ялийна, шен дикачу х1усаме,
Ваха ша хиира дог майра иччархо!
Уггаре хаза нускал - бабин йо1 ма яра!
Уггаре дика к1ант – иччархо ма вара!

Нохчийн пешана хьалха ц1еран ловзаро юьхь сирла йохуш, бабина улло д1анисвелла туьйране ладуг1уш 1ара Дана.
- Хазахийтин хьуна туьйра, Дана? – хаьттира бабас к1анте, т1аьххьара дешнаш аьлла жимма хан а ялийтина.
- Баба! Шийтта корта болуш муха хир бу саьрмак? – хаттарца жоп делира к1анта.
- Иштта цхьана дег1атехь шийтта корта хирг хир бу-кх, - элира бабас, к1ентан коьртах дайн куьг а хьокхуш.
- Дукха дац и кортош? Уьш-м ч1ог1а буьрса хилан деза, - цецвийларца ойла йора Данас.
- Дера деза дукха буьрса хила-м, - шена жима йолуш туьйранахь дуьххаьара шийтта корта болу саьрмаках хезича, мел инзаре хетара дагадеара бабина. Валуо, сан диканиг, хьан д1авуьжу хан т1екхаьчна. Аса чохь мотт биллина хьуна, - элира бабас, хьалаг1атта а г1уртуш.
- Баба, вайн чохь-м бац и шийтта корта болу саьрмак? – хьалаг1атта йоьлла баба юхаозийра к1анта.
- Бац дера вайн чохь-м саьрмак! Саьрмакаш туьйранахь бен ца хуьлу! Вало чу доьлху вай!- елакъежиш элира бабас.
Амма к1ант г1атта реза вацара, цуьнан дог-ойланца туьйра а, дахар а цхьаъ дара. Баба цунах кхийтира. Ткъа муха майра ваккха везара к1ант?
- Собардел х1ета, баба х1инцца схьайог1у, - олуш баба чу яхара.
Жимма хан яьлча иза юха а раг1ук1ела юхайирзира, буйнахь Воккхададин детих кхелина жимах йолу шаьлта а йохьуш. Жимчу к1ентан г1одаюккъе йихкира бабас шаьлта:
- Хьо-м дог майра иччархо санна къонах вай! Кхоьруш хилар доккха эхь ду къонахчунна! – олуш.
Жимчу Данас шен буйна лецира, шеца цхьа тамашена йовхо йолу, шаьлтана мукъ. Шех а боккъала ницкъболу иччархо тарвелира к1антана.
- Ялуо, баба, оцу чохь и шийтта корта болу саьрмак хилахь а, аса хьуна цуьнга х1умма а дойтур дац! – бабина хьалхавелира к1ант.
                2005шо.