Ма дийца, ца оьшу

Шарип Цуруев
Ма дийца, ца оьшу –
Дац хIара деккъа цхьа талхар.
Ду хIара хьан кхалхар,
Хьан кхечу амате ерзар.
Хьох, хьалхалерачух,
ХIумма а ца дисна тахна,
Сел эвхье хьежна и
Хьан бIаьргаш, иэхь дайна, къерза.

Хьох, хьалхалерачух,
Хабарш бен ца дисна нехан,
Хьан «хазчу» дахаро
Яйина хьан лараш бай тIехь.
Зезагийн, седарчийн
Хьох дагалецамаш байна,
Сан даг чохь-м хир ю хьо,
Со хIокху лаьттахь мел веха.

Малх санна, хьан елар,
Малх санна, хьан ойла, месаш…
Малх санна, ерриг хьо! –
Карадац цул нийса дустар.
Вайн классехь тхох хIора
Вара хьо къайлаха езаш,
ХIоранна гIенашкахь
Гора хьо, хилла шен нускал.

Ма хаза яра хьо!
Ма дика яра хьо, яра…
Тхан иэхь а, тхан къа а
Дара хьо ца езаелча.
Ткъа хIинца, каш доцуш даьккхина,
Ца ойуш бармахь,
Ду хIара хьан кхалхар,
Ца доьхуш цхьаммо а гечдар.

Стаг левеш, стаг Iехош,
Дахарехь дукха ду басарш.
Хьо а ца ларъели! –
Хьо хьулъеш, хьох къинош хьирчи.
ХIетте ю сан даг чохь,
ХIетахь ма-хиллара, хаза…
Тешалахь, сан дагчохь
Хьан амат цкъа а дац ирча!

1985