ТIом хиллачу арахь

Шарип Цуруев
Зезагаш хьийкъина – со тIех ца валало,
КIайн даккхаш!.. – даго ца вуьту тIехвала.
Билггал сох къинош хьарчор ду аларо
Кху меттехь: «Ма хаза ду-кха хьо, Iалам!»

Цундела дIатийна, ойланаш хьирчина,
Кху лаьттан со бIаьра хьаьжначохь сецна.
ХIаъ, кхузахь хилла и уггаре ирчаниг;
Эзарнаш адамаш лаьтто дIаэцна.

Хетало, гуьнахь а доцу со бехкевеш,
Зезагаш, кIайн даккхаш хилла, дIо гIевтти –
Дуьнен чу бовланза бисина мехкарий,
Дуьнен чу бовланза бисина кIентий.

ХIун эр ас царах? – Уьш цхьанне ца бевзина,
Уьш соьца ирс долуш тарлора кхиа.
Ас церан аматаш кхуллур ду безамна,
Сайн даг чохь мукъане уьш бахийта жимма.

1985