Керла шо

Шарип Цуруев
Гулло, бераш, арадовла –
Керла шо ду кхочуш тIе,
Дуьхьалкхеттарг шайна новкъахь
Кху суьйренца декъалве.

Лайца беттан серло яьржа –
Цу хазаллин тергое.
Хуьлда ойла цIена, маьрша,
И ло санна, беркате.

Арадовла – ГIура-Дада
СовгIаташца вогIуш ву.
Керла шо вай бертахь даздахь,
Цо уьш вайна доькъур ду.

Иллеш ала, хелхадовла,
Дегнаш дахарх Iабаде.
Дуьхьалкхеттарг шайна новкъахь
Дезчу денца декъалве.