Хьо-м хIора денна суна гена юьйлу

Шарип Цуруев
Хьо-м хIора денна суна гена юьйлу,
Бузучу малхах терра, цIийлуш, хазлуш.
Со тIаьхьа уьду хьуна когашIуьйра,
КIохцалийн аре хьоьшуш, чевнаш язлуш.

Хьо суна дуьххьар гичахьана дуьйна,
Сан лаам хилла хьуна юххехь хилар.
Ас, беро санна, хьоьца доьзна туьйра,
Къеначо санна, гIан хьан цIарца тидда.

ДIайоьду хьо, цхьа хаза тIаьхьа воьхуш,
Кхочуш хир йоцу дегайовхо лепош.
Со тIе ца кхуьуш, дIанисцалуш хьоьца,
ДIадуьйлу сан сов хаза, къона денош.

Хьох йисна къаьхьа гIайгIа ас муьйлу,
ХIетте а ю хьо анайистехь марзлуш,
Хьо-м хIора денна суна гена юьйлу,
Бузучу малхах терра, цIийлуш, хазлуш.