Жимачу Ларисин ойланаш

Заурбек Хамерзаев
Нохчийчоьнан Президентана
Кадыров Рамзанна   

Догуш хилла сан бералла,
Герзех идда наной, дай
Марша дохуш, тIом эккхорна,
Ахьмад-Хьаьжа, Баркалла!
Дала декъала хьо войла,
Жаннатахь Шен хьаша веш!
Хьан кIант Рамзан Цо ларвойла,
Ахь дагалаьцнарш кхочушдеш!
Тхан доIанаш ду Рамзанна:
Делла дош цо лардарна,
Гуьмсе, Аргун, Соьлжа-ГIала,
БIаьсте санна, къагорна;
Ламчу некъаш, газ кхачорна,
ЗаьIап, миска виц ца веш,
Дешар, нохчийн оьздангалла
Вайн дахаран къилба деш!
Дала аьтто бойла хьан,
Ларвеш кIиллойн ямартлонах,
Даймохк ирсе кхачабан,
Гергарлонаш даржош гонах!