Нохчашна тIом оьшу хьан бах?

Заурбек Хамерзаев
КIентан кIантана Мохьмадна

Да-нана, баккхий нах, къаьсттина хьаша,
Дог хьостуш, резабар цIийх долош шайна,
Мохк безар, сий лардар, адамех дашар,
АллахIна лолла дар тIелаьцна денна;
Тешнабехк, ямартло, куралла йоьхкуш,
Харцонех, къизаллех, хьарамлох ларлуш,
Рицкъанах ца хада, ардаш тIехь боцуш,
Баьхначу нохчашна тIом эшна я оьшу хьан бах,
БIешерийн йохаллехь, гIенах я самах?!
Дахаран шайн хазна-гIиллакхаш лоруш,
ЦIе йоьжна ца баха, синойх шайн къаьсташ,
Делла дош ца дохо, эшамна къурд беш,               
Iадатийн чорха тIехь шайн собар тусуш,
МаслаIат деш, шайлахь хилла дов дерзош,
МостагIех мохк ларбан цхьаъ хилла гIовттуш,
Мохк шорбан гIоьртина, цхаьнцца хьагI йоцуш
Баьхначу нохчашна тIом эшна я оьшу хьан бах,
БIешерийн йохаллехь, гIенах я самах?!
Лаьтта тIехь нохчий бу массарах бешаш, –
Цунна теш ю цара тохку шайн цIераш,
(Дуьненан карти тIехь – билгала мел ерш).
Шайн боцу мохк цара цхьаьнцца ца къуьйсу,
Цундела Нохчийчу, белча, сатуьйсу.
Талорхойн тIемаша ирсе некъ бихкина,
Бохийна, баьржина, доь даре кхаьчна
Лелачу нохчашна тIом эшна я оьшу хьан бах,
БIешерийн йохаллехь, гIенах я самах?!
Нуьцкъалчу пачхьалкхийн, тхьамданаш, совца!
Ма гIерта дуьне шайн когаш кIел дерзо!
ХIара дуьне Кхоьллинарг – Пхьар ву, шул говза, –
Цуьнгахь ду-кх массеран кхолламийн йоза.
И цхьаъ ву ницкъ болуш:мохца хIорд батIош,
Мохк бегош, ткъес детташ, цамгараш хоьцуш, –
ХIинццалц шаьш мел лайнарг Цуьнгара дуй хууш,
Баьхначу нохчашна тIом эшна я оьшу хьан бах,
БIешерийн йохаллехь, гIенах я самах?!