Хьуьнан доттаг1ий

Исмаил Демеев
Юьртахь Iаш ву ши доттагIа:
Цхьаъ ву Таха, важа - Баха.
Ишколе уьш денна лела,
Дика доьшуш бу цундела.

Таха гIо деш ву Бахина,
Цуьнца ву и даим ийна.
Шена хуург доттагIчунна,
Кийча ву и дийца денна.

Массо хIума до цо маса,
Малонан цхьа боцуш хьаса.
Цул совнаха гIо до нанна,
Жима воллушехь ша ханна.

Тахана кечвелла Таха,
ДоттагIчуьнца хьуьнха ваха.
Даа бIараш ду бах цигахь,
Шота хуьлуш хIора шарахь.

Бахийца дIавоьдуш цхьаьна,
Цунна гира акха нIаьна.
Шен эшарш и лоькхуш яра,
Кху дуьненна хьоьжуш бIаьра.

Шена бераш гича тIаккха,
Сихъелира и дIаэккха…
Дохковаьлла, цунна тIаьхьа,
Хьаьжжинчохь виснера Таха.

Ша-шен бехкаш дохуш чIогIа,
Ойла йойтуш хьоь ладогIа.
Ледарлонна хIуьттуш холчу,
Таха кхечира хьун йолчу.

Маьлха-Аьзнех йолуш тера,
Исбаьхьа хьун лаьтташ яра.
Цуьнан кенахь дара шовда,
Хьогах воллучунна тIекховда…

Хьуьнан цIена хIаваъ мийла,
Адам деъна кхуза хийла.
Цунах царна дарба хилла,
Цамгаран дIайолуш чилла.

Дикка хан а дIаяьллера,
Ши кIант ваьлла волуш цIера.
ЦIахьберш боьхна лелаш бара,
Сингаттамо къуьйлуш мара.

Тахас Баха цIа валийра,
Воцу дела доттагI хийра.
ТIаккха цунна маракхетта,
ДIавахара иза ведда.

Жерахь цIа ца воьрзуш эвла,
Ши кIант хIунда ткъа хьевелла?
Цу хаттарна жоп дала,
Хеташ ма вац цуьрриг хала.

ЖIоммагIа шен эцна кара,
Серий дохуш цхьа стаг вара.
И "болх" лаамца цо бора,   
Тахийна и дерриг гора.

Стагна хеташ эхь тIеваха,
Холчу хIоьттинера Таха…
ХIаллакдина синтарш къиза,
Лан ницкъ боцуш вара иза.

"Диц а дина нехан гIиллакх,
Ди ахь, хIай стаг, синтарш хIаллак.
Хилла зен хьан деза такха",   
Аьлла, вистхилира Таха.

"Суна гучура дIавала,   
Ас дечуьнца бац хьан бала",   
КIанте бехк баьккхира стага,
Чураваьлла, етташ бага.

ДIа ца долуьйтуш цхьа кIира,
Тахас дика ойла йира.
Дагчохь цо кхиийра чIагIо,
Ларъян хьуьнан массо агIо.

Хьуьнах боккха кхоам хеташ,
Вовшахтуьйхира цо бераш.
ХIинца хаза болх бо цара,
Массо кхетош Iалам лара.

Стигла сийна бухь гIортийна,
Хьун ю лаьтташ, ирс карийна.
Цунна берех баьлла пайда,
Шеко йоцуш, йиш ю гайта.

Шоръелла хьун, хазъеш аре,
Сатуьйсуш ю хьеший баре.
Той кечдина иза лаьтта,
ЦIена хIаваъ Iенош Лаьтта.