Хала ирс

Исмаил Демеев
Суна харцо гина,
Велххал нехан къина.
Бакъдерг лаьа дийца,
Тар а ца деш, нийса.

И де дара шийла,
Делхадалла хийла.
ДогIуш ло а дара
Вайнах хьерчош мара…

Хало лайначара
Дуьйцур ду массара,
Цунах лаьцна шорта,
Цкъа а ца деш кIорда…

Баккхийчара генахь
Чолхечу цу хенахь
Лардина вайн гIиллакх,
Ца хуьлуьйтуш хIаллак…

Байлахь дисна бераш,
Хедда ирсан пхенаш.
Кхиъна ду уьш хала,
Буц юуш, ца дала.

Иштта балехь воллуш,
Дан амал а доцуш,
Мацалло вожийна
Вайн Iалавди Iийна.

Хьалхе елла нана,
ДIавигна и пана.
Цуьнан да а хилла,
Цамгаран ловш чилла.

Ден цхьа доттагI хилла,
Доцуш цхьа а хIилла.
Къуда цIе йолуш,
Къинхетам а болуш.

Цкъа а воцуш кура,
Оьзда иза вара.
Далла гIуллакх дора,
Дацарх шегахь гIора.
ДоттагI Деми велча,
Къуда хIутту холча.
Воьду и дIаволла,
Барам лаьцна халла.

Кошан барз тобина
Къуда цIа вирзина…
Весет кхочуш дина:
ПаргIат ву иза сина…

Ворда йоьжна дика,
Iалавди дIавига,
ВогIу цуьнан шича,
Шега хаам бича.

Iалавдин деш дола,
Готта хиларх тоьла,
Мохьмада и денна,
Кхаьбна шен бер санна…

Даржадина тIемаш,
Ша динчух ца Iебаш,
ТIом бара дIабоьдуш,
Сингаттамаш дебош…

КIант валийча гIала,
Шичо лайра бала.
Хиларх иза къена,
ДIавигира гена.

Хан туьйхира цунна,
Токмаке и варна.
Набахти чохь тIаккха
Дийзира шо даккха…

ГIуллакх дара тиша:
Йоьлхуш яра йиша.
Бацара цхьа аьтто,
Даа, мала латто.

Iалавдех дерг хууш,
Цунна гIо дан лууш,
Лулахочо йогIий,
Терго йора лорий.

Оьрсийн къомах йолуш,
Къинхетам а болуш,
Цо вайн Iалавдина
Ненан терго йина.

Цул совнаха, цунна
Кехаташ кечдина,
Берийн цIийне оьцуш,
Долу дела оьшуш.

Ги воьллина ваша,
ЙогIуш яра йиша.
Ваша цига вала.
Дара цунна хала.

Йоьлхура и гIийла,
Вешех ца луш къийла,
Бара цуьнгахь бала,
Меттиг боцуш яла…

"СаIадат, ма елха,
Воьдуш вац со кхалха.
ЦIа воьрзур ву кеста,
Дезарх хьох дIакъаста.

Лелар ву со нийса,
Берех ца луш тийса.
Школе гIур ву деша,
И бакъ хиларх теша.
Йицлур яц хьо суна:
Ирс ца гина хьуна…
Хьайна там ца лоьхуш,
Лелла хьо со кхобуш.

Дала хьо ларйойла,
ГIийла йоцуш ойла,
Ваша вара бохуш,
ДогIа санна воьлхуш".

"Мел хьо хиларх генахь,
Даймохк биц ма белахь .
Вина хьо Кавказехь,
Велахь а Г1ум-Азехь.

Хьан да вара молла,
Хууш назма кхолла.
Нахана а везаш,
Хилла иза вехаш…

Кхелхина да-нана,
ХIун дер хаац кхана.
Сагатло, сахьийза,
Дахар ца луш хийца…

Хьоьжуш вай цIа даре,
Ю Кавказан аре", -
СаIадат и аьлла,
ЦIа йирзира халла.

И хан яра чолхе,
Хьаьжча цуьнан балхе.
Меца дара бераш,
Ца гуш хаза гIенаш…

Сихха берийн цIийнехь,
Лийчаво и банехь.
Бедарш ло тIеюха,
Iалавдехь товш чIогIа.

Берех и дIакхета,
Ша ирсе а хета.
Оьху цаьрца ловза,
Дуьне лууш довза…

Къамел оьрсийн маттахь,
Iамац цхьана баттахь
Цунах кхета, Iама,
Оьшу дикка зама.

Школе лелаш денна,
Жима хиларх ханна,
Цо шен хьекъал, кхетам
Шорбо, ца беш эшам.

Массо къоман бераш
Iалавди ву дезаш,
Цаьрца цхьана лела,
Воккхаве цундела.

Гольцер цхьаъ ву царах,
Вина Фрунзе-гIалахь,
Ву шен немцойн къомах,
Везаш кхиънарг ломахь.

Цкъацкъа Iалавдина,
Де а дойуш дийнна,
Дуьйцура цо туьйра,
Дац а ца деш шуьйра…

Бийшар-гIовттар доцуш,
Кегий бераш кхобуш,
Зударий а лелла,
Ца ялхош шайн къелла.

Уьш халонна гуора
Эгна, цкъа ца гора.
Бераш дукха дезаш,
Хуьлура уьш лелаш.

И зударий хилла
Оьрсий, доцуш хIилла,
Шайн ден-ненан метта,
Берашна уьш хетта.

Кхетам Iалавдина
Белла, уьш ца Iийна.
Некъ гайтина нийса,
Бакъ дерг Iамош дийца.

Берийн цIийнехь кхиъна,
Шен некъ харжа лиъна,
Корматалин беша,
Воьду иза деша.

Киргизехь цо дешна,
Хан ца йойуш эрна.
Говзалла цо Iами
ХIоттош ирсан лами…

Кхойтта шо дIадели,
Цунна бакъо ели,
Шен Даймахка верза,
Вина юрт ю мерза.

Воьду сихха балха,
Мало еш ца талха…
Болуш ву и ницкъ а,
Лаха шена рицкъа.

Балхаца ву ийна,
Цуьнца ирс карийна:
Дика, хаза веха,
Безам бахна нехан.

Iалавдина реза,
Массо хила веза.
Масал ду и вайна:
Халонаш цо лайна.

Даймохк дукха безаш,
Дикане до некъаш.
Цунна ирсан седа
Ца бовш, даим лепа.

Лепар бу и сирла:
Зама еъна керла.
Иза дозаллица
Йиш ю цуьнан йийца.

ДештIаьхье

ПаргIатъевлла мархаш:
Уьш сецо яц архаш.
Лелаш ю уьш маьрша,
Таро йолуш яржа.

Дуьйлу лаьмнийн баххьаш,
Леста сийна хьаннаш,
Малх бу хаздеш денош,
Дашо зIаьнарш Iенош.

Исбаьхьа ю Iуьйре,
Вайца йолуш уьйре.
Цо диканиг дахьа,
Цкъа ца юьсуш тIаьхьа…

Мел хаза ду Iалам,
Бе вай цуьнан тIалам.
Вайн тIаьхьенна иза               
Лууш ву со диса…