Хьо сан ваша вуй?

Исмаил Демеев
Боккха бинчу чолхечу некъан гу тIера хьо дIахьаьжча, вайн къомо лайна дуккха а халонаш билгалйовлу. Уьш, бакъдерг дийцича, Сибрех а, ГIум-Азе а бигначарах массарах цхьабосса хьакхаелла. Дай-наной кхелхина, Iаламат дукха бераш дисна байлахь. Иштта хьалххе да, нана а делла виснера со а, сан ваша Хасмохьмад а. Оцу чолхечу хенахь тхан шичас, Докуев Мохьмада пхи-ялх баттахь дола дира тхойшинан. Дукха хан ялале, тхо юьртара Токмак-гIала даладарна, цунна шо хан туьйхира, набахти чу а воьллира. Цул тIаьхьа цхьана оьрсийн зудчо тхо берийн цIийне дIаделира. Иза дара цхьа эзар исс бIе шовзткъе доьалгIачу шарахь. Оцу шарахь сан ваша цамгаро кIелвитнера. Юьхь чIогIа йистина яра цуьнан. Халла, делан балийца бен шен ши бIаьрг ца беллалора цуьнга. ДегI гIамаршлахь догIа санна худаделла дIадаьллера. Иштта, цамгаро дIа ца хоьцуш, цхьа шо гергга изоляторехь даьккхира цо. Цул тIаьхьа, цхьа хан яьлча гIоле хилира цунна…
Цхьана дийнахь Хасмохьмада элира соьга:
– Хьо сан ваша вуй?»
– Ву дера со-м, нанас дена вина хьан ваша, – деллачу хаттарна жоп делира ас.
– Хьо сан ваша велахь, со мацалла ма валийтахь, – элира цо.
ТIаккха со чIогIа холчу хIоьттира. ХIун дийр ду, мича гIур ву со, ца хаьара суна.
Кхин данне а дан хIума ца хилла, сайн вашас бохург кхочуш дан, иза мацалла ца валийта, хила дезаш долу эхь бехк хьаьшна, ас сацам бира рицкъа чохь долу склад чу вала.
Буьйса тIееъча ас къайлаха ваха а вахна, берийн цIийнан кертахь якъо оьхкина кхо шаршо чета йиллира.
Цул тIаьхьа хехочух ларлуш, со къайлаха склад йолчу вахара… Складан тхевнан гераг тIедижина диттан цхьа доккха га дара. Оцу ган тIехула со меллаша тхов тIевелира. Масех гераг схьа а эцна, куьйгашца лаха волавелира со пешан туьнталг хилла меттиг. И карийначул тIаьхьа, цунна тIера бога санна горга долу негIар дIадаьккхира ас. ТIаккха кхо шаршо вовшех дIа а йихкина, церан цхьа агIо тIайх дIа а тесна со меллаша, татанаш ца довлуьйтуш, склад чувоьссира. Склад чохь чIогIа Iаьржа яра. Шен рицкъан той дууш, дIа-схьа уьдуш дехкий, мукадехкий хаалора. Со царех кхера а кхоьрура, со цара вуур волуш санна. Мухха делахь а, айса юьхьар лаьцна «гIуллакх», иштта ала мегаш делахь, чекхдаккха лаам болуш вара со… Дикка хан елира суна оцу складехь юург ца карош. Цхьа хан яьлча сан ши куьг кхалларна а, йоьхьашна а, цIазамашна а  тIенисделира. Ши булка бепиг, йоьхьаш, цIазамаш чета а доьхкина, хьалавала гIоьртира со. Ницкъ ца кхочура сан и сайгахь болу рицкъан мохь хьалабаккха. Шеллора. Со цу чохь висна ваьлла моьттуш, ас гIийла, хехочунна хазарна кхоьруш, узамаш а дора. Цхьа жимма хан яьлча, со юха а гIоьртира хьалавала. ГIуллакх ца хилира сан. Ницкъ ца кхечира. ЦIеххьана суна дагадеара хIоьттинчу хьолехь айса дан дезарг. Лаьтта кхочуш йолчу шаршонашца ас гIода юккъе йихкира кхо булка бепиг, пхи-ялх юьхь, иштта цIазамаш а. Со хьала валале вуззалц хIума йиира. Сан дегIе хаъал ницкъ боьссира: со мелла а хало йоцуш хьалавелира. Тхов тIекхаьчначу минотехь шаршо хьалаозийра ас. Склад чу охьавуссуш дIадаьккхина негIар шен метта охьадиллира, иштта гераг дIа а нисйира. Дитт тIера охьа а воьссина, текхаш, тебаш хорша чухула сайн ваша волчу палате кхечира со. Кор дIа а диллина хIусам чу велира.
Сан ваша наб кхетта вара. И сама а ваьккхина ас элира цуьнга:
– Хасмохьмад, ахь тIедиллинарг ас кхочуш дина хьуна. ХIинца вуззалц хIума яа йиш хир ю хьан…
Ша рицкъанах кхеттачул тIаьхьа цо соьга цхьа хаттар дира, мичара еъна ахьа яа хIума, аьлла. Ас цуьнга, цхьа хIума лечкъа а ца деш, ма-дарра дийцира. Вашас элира соьга:
– Со воккхаве, къинхетам болуш, дика ваша сайн хиларна. Ас даима а сийлахь волчу Деле доьхур ду, хьан дахаран некъ бахбе, ирсе хилийта, аьлла, диканах хьо цкъа а ца воккхуш.

ДештIаьхье

Дешархо, суна чIогIа хазахетар дара, ахь хIара дийцар дешначул тIаьхьа, хьайн ойланехь кхолладелларг яздича. ХIара дийцар яздеш сан ши бIаьрг лешаш бара, беснеш тIоьхула охьаоьхуш бIаьрхиш а долуш. Уггаре коьртаниг ду, ас сайгахула гайтина, халкъо лайна къа-бала биц ца бар…
Хилларг дицдича, долчун мах хадо хуур дац, хиндолчун анайист гур яц.
Дала тIаьхье беркате йойла вай.