Нохчашка

Заурбек Хамерзаев
Вай пусар гIелдина, вешан мотт,
Буо хилла, тийжаш бу, тийна…
Дицдинчу шен дешнийн яйна чот, –
Къурдаш до, хийрачух ийна.
Ломан хиш, хьеелча йочанаш,
Дакъало, гIад гомха долий, –
Дехкарна кхиаран гечонаш,
Вайн мотт бу довш къоман дола:
Хьаькамалле некъ цо ца боьхку,
Эшац и куьйгаллин даржехь, –
Дац цуьнгахь дитна «туьха доьхку», –
Хадийна рицкъанан кхожах;
Кел арахь, цунах дац дезарш,
Йоза, дешар, бийцар ду беркъа.
И бисна дIадерзо тезеташ,
Цигахь мукъа битхьара-кх, пекъар!
Къоман мотт леш ма бац, хIу дарна,
Ле гайн ял лоьхуш берш дебча, –
Яхь я юьхь ма дагахь яц царна,
Шайл тIаьхьа къам бердах дахча!
ХIай нохчий! Вайн дай маца хилла
Къоман юьхь сискалах юхкуш?
Вайл хьалха мотт лахь, къематдийнахь
ХIун аьр вай Деле, барт хоттуш?!