Нохчийн мотт

Заурбек Хамерзаев
Исмаилов Абуна

Кхо эзар гергга мотт
Дуьненчохь бу тахна къастош,
Азаллехь царах цхьаъ
Нохчашна бийца кхачийна.
Шумеран, Урартун
Зайлйозийн къайленаш йостуш,
Бехаш бу Нохчийн мотт
Халачу вайн дахарх ийна.
               
Цуьнца ду вайнехан
Нохчаллин юьхь-сибат, гIора,
Цо луьтту вай талхош,
Вайх лиэта, лайн хийра амалш;
Цу матто яхь ларъеш,
Ца хIуьттуш Далла бен гуора,
Харцонца Нохчийчоь
Къийсалуш, йоьдуш ю зама.
Дуьненан, Эхартан,
Кхолламийн да волу Дела!
Пачхьалкхан дезаре
Нохчийн мотт баккха луо кхетам,
Нагахь тхан доIина
Жоп дацахь, ма дита лиэла
Дуьненахь иэс дайна,
Манкуртийн тобанах кхетта.
               
Кхиэл сецнехь сан дайн мотт
Кхечарах дIаийна байта,
И кхочуш хир делахь
Тоьхначу хенаца кхана,
Доьху Хьоь, Кхоьллинарг,
И де сан бIаьрга ца гайта,
Кхачийта Мулкалмот
Сан дегIах са къасто тахна.

Сайн рицкъа, сайн дахар
ПохIмаллин езар хьох йина,
Лелла со, Нохчийн мотт,
Хьо Iамош гонна чул сайна.
Хьо бийца боьхкучохь,
ЛадогIа цхьа накъост хилча,
Хьо бен ас ца буьйцуш,
Хийла бIаьрг суна къарзийна.

Дахарехь кхиъна со
Сайн боцу масех мотт Iамо,
Наьрт санна, Оьрсийниг-м
Хилла сан жималлин ага.
Сийлахь ду суна уьш, –
Яц цхьана маттаца гамо,
Амма сайн Нохчийн мотт
Лууш ву дуьнено а лара!!!