Сайд-Хьасане

Заурбек Хамерзаев
Кацаев С-Хь. 40 шо кхачарна

Сан шерийн пхьуьйренгахь девзи вай,
Иза а тассаман хьармехь,
Дистхуьлуш довзаре довлале
Васт суна дийцарша хьоьхуш,
Къамеле девлча-м, гуш, карий хьо
Хьайн жайнийн суьртахь чул хьолехь –
Тем байна, машарна догу дог
Готтачу хьайн некхахь доьлхуш.
Атта дац нахалахь схьакъасто
Гергара адам хьайн сина, –
Пунт туьха дууш хьо кхиарах
Цуьнцанна бераллехь дуьйна;
Кхиъмех шайн кхаъ хуьлуш, эшамо
Орцанна Iовжабеш кийра,
Кхуьуш бу-кх тешаме доттагIий,
Дахаро дабагI дарх хьийна.
Хьо шерийн гIеметта волуш ву,
ДогцIена хьоьгу со цунах:
Адаман дахаран гIушлакхе
Ца кхаьчна хIинца а хьан Зама.
Теша со, похIмаллин хьан къолам
Iуьллуш бац дIатесна сонехь,
Вайн къомах бакъ дош цо кхайкхор ду
Дуьненан бIаьрг бузош кхана.
Вайн нохчийн гIиллакхаш лардина,
Осалчу амалех цIандеш,
Даймехкан сий айдеш, догу дош
Аларна, хьайн Iарца дустуш,
Вехийла хьо могуш, кхетам чохь,
Ачонца дог Iуьттурш къарбеш,
БIешерийн йохаллехь кхин дIа а
Хьайл тIаьхьа оьзда лар юьтуш.
Со-м ала говза вац, Сайд-Хьасан,
Дурс дешнийн нисдина гулдар.
Хьо меттан Зарзарша хеставарх
Эмгарийн хьагI хир яц соьца.
Парнасехь хIораммо зезагийн
Шен кедахь молуш ду дургал,
Цундела ас тахна ойуш берг
Соь кхаьчна хьал гойтуш беца.

11.07.2006 шо