Нохчийн матте

Заурбек Хамерзаев
Азаллера дайн кхетам, оьздалла лардеш,
БIешерийн дорцашлахь даьржина йоза,
Схьабеъна Нохчийн мотт, вайн халкъо сий деш,
Пачхьалкхан мотт би хьох, бахалахь гIоза!

Нохчийчохь гIуллакхийн хьашташка берзий,
Урамийн, майданийн цIерашца къага;
Дешаран наналла хьайна тIелаций,
Хилалахь вайн къоман Iилманан ага!

Бахалахь, Ненан мотт, абаден абдаллалц.
Аьтто беш дахаран къайленаш яста,
Бекалахь, тIаьхьенийн дегнашна Яхь луш,
Дуьненчохь малх мел бу дIабузуш гIатта!

Тоьур ду, Нохчийн мотт, ахь лайна бала,
Хьайн махкахь, сийсазбеш, бихкина латтар.
Кхин дIа хьо бехар бу самалхадаьлла,
Хьо марша баьккхинчийн декъалдеш дахар!