Маршонан къилба

Заурбек Хамерзаев
Бицлуш бу ненан мотт денна,
Цу бух тIехь яц Iамош тIаьхье,
Дайн гIилкхех девлла вай гена,
Дозанел кхевдина дехьа.

Нохчийн мотт иэшар, цаиэшар
Пхьоьханийн дийцаре даьлла.
Махкахой, вешан мотт хьешар, –
Юй те гIулч къамлара довла?
 
Лайн амалш, вайн дай ца баьшна,
Кхуьуш ю доьзалшкахь говза,
Маршо юй, хьанал дерг хьаьшна,
Хьарамчу рицкъане хьовзар?

Маршо яц, лулахой эгIош,
Къаьмнашца гIоьртина вахар,
Шен махкахь талораш дебош,
Дуьненна деса «бIов» бахар!

Маршо юй, дуьненах кхетам
Ненан мотт, бух беш, ца кхиънехь,
Iилманца айлуш хьал, бахам,
Къам могуш даха ца хиънехь?