Бакъволу нохчо

Заурбек Хамерзаев
– Мила ву бакъволу нохчо? –
Сих-сиха бераша хотту.
Со вуху, жоп дала воьлча,
Эхь дуссий, дегIе цIе хьоду.

Схьабийца боху соь цара:
Тахана делла дош лардеш,
Хууш берш шайн ворхI ден цIераш.
Хьаналчу рицкъи тIехь «хьалдерш»;

Бусулба дин къилба дина,
Са яккха и хьовзор доцург,
Кадаьлча, догIуш верг хьаьшна,
Компенсаци цаоьшург.

Тхо оьзда кхиаре кхойкхург,
Схьагайта хьанал къахьоьгург,
Кхаъ ца луш болх, дешар дийца,
Маьхза нах тобеш лор вийца?

Аш дуьйцу Эхь-Бехк, Яхь, Нийсо –
Даьржина туьйранийн панахь.
Тахана хьоьстуш бу ирсо
Катухуш, мохк боккхурш чIана.

Бац бисна аш буьйцу Нохчий,
Нохчийчохь беха «чеченаш».
Сийлахь ву дерг ахчий, бохчий, –
Махбечо буу къера дуйнаш.

ХIетте со теша-м ца теша,
Бакъболу нохчий бац аьлча.
ВорхI дегахь бийца бух боцуш,
Дош – дош дерш, багаха даьлча;

Ларлуш берш хьарамчу некъах,
Кхаъ кховдо даржаш цаоьцурш,
Даггара, кхерарца Делах
Дуьненах Эхарт ца хуьйцурш;

Мехкан хьал Iедалан даржехь
ЦагIертарш шайн кисна тетта,
Махкахойн хьакъ кара кхачош
Берш бацахь, ду дездер эрна.

Делан дин, ненан мотт лоруш,
Дайн оьздангалле къам кхачо,
Iедалех оьшу син лоьраш,
Кхеттачу цамгарех къаста.