Хийла езар

Заурбек Хамерзаев
               

Ас туьйранийн Хожица хьо къийси,
Тийсалуш, вас хьуна ечех дера,
Ахь мехкаршлахь Маьлхан-Аьзни йицйи,
Тосуш вицван со безаман цIерга.
Дог цахиларх дикаллина бIаьрза,
Вайн безам ахь хьал-бахамах хийци,
Миска сан дог – ненах хаьдда кIеза,
Хьан лар хьаьшна, хьуна тIаьхьа кхирсти.

Диси цхьалха безаман теш – бIара,
Ямартлоно дегI дакъийна дит а.
Хир дуй те хьан синтем болуш дахар,
Генашкахь со воьлча дуьхьалхIитта?

Дуьне дита, эхь яI, йина ойла,
Хьоьца доцу дахар хеташ эрна,
Хийла езар яьлла нехан дола,
Ирс дисина тесначуьнан кертахь.