хьо стенна леткъа?

Заурбек Хамерзаев
               
Хуьлийла синтеме хьан наб,
Ма гойла тем бойу гIан.
Дахаро дог хьоьстуш, Зайнап,
Ирсан туш лепийла хьан.

Вайх хьаьрчи захалчийн наьIалт,
Карчош тIе къасторан чхар…
Iа хоьрцуш «лен дашо закъалт»,
Хеташ со Iехийна пхьар.

ХIинца хьо-м кхечуьнца еха,
Шун дахар хуьлийла моз.
Беттан сехь лаьтта со вехха,
Шовданца хезаш хьан аз.

Шовдан дак, хьо стенна леткъа,
ГIан бIаьргех ледабеш тIадам?
Доьлла-кх тхан безамна юкъа,
Эхь дайна, ямарта адам.

ТIехула седарчийн киса,
Когаш кIел – гIа-бецан куз,
Теш воцуш, гIан хилла буьйса, –
Гуш самах – хьо нехан нус.

Ирке дог тилийна циггехь,
Шовданца ирс къахкадеш,
Лецначу куьйгийн алонгахь
Еги те безаман беш?!

ТIепангах буьйлина кийра,
Йочанан хIордалахь дог,
Адамийн къизалло хийла
Тухуьйту кхолламе ног.

Ас хера ца доккху вайша,
Хьо цкъа а хир яцахь сайн:
Висарна кIожамах вага, –
ГIаролехь безамна вайн.