Иэсана

Заурбек Хамерзаев
               
Хила тарло
Мукъачу хенахь,
Эхангах юзуш пазат
Я букар
Дарц гIоттуш арахь,
Стигланах
ДIаэдеш латта:
Са тIома
Яьржина ойла,
Сан байташ
Хьо еша хIоттахь –
Дагалаца
Там бу ахь,
Къайллах,
Хьайга дог кхийдинчун
Сибат;
Ларалахь ирс сирла дахар,
Хьомсарчо,
Ца дохош нигат,
Дог чIогIуш,
Соь ахь чух –
Эххар,
Ца деллехь,
Сиз хьаькхна кехат.