Некъахочуьнга

Заурбек Хамерзаев
                Йишина Айзанна
Ма билла суна бехк ахьа,
Некъахо – ца евза йоI,
Леринна хьан куьцаш даха,
Бисарна сан даг чохь кхаъ.

Ахь леци сан довха хьажар,
Хийла кIант ваьккхинарг акъ:
КIажашкахь ловзу ши кIажар –
Шовдане кхевдина дак.

БIаьргийн нур шовкъе веш хьаьрчи,
ТIехоьцуш похIмаллин зовкх –
Сан беза шерийн пен хаьрци,
Кхетта хьан къоналлин зов.

Таза дегI, меженийн тулгIе
Хьаьдда ирх, дуьйлина Iад,
Йора гIад кхевдина малхе,
Гулбина дахаран шад.

Йийца, йоI, йоьссина стигла,
Харцадеш Маьлх-Аьзнин гIант,
Нохчийчу кхаьчна хьо, билггал
Ирсе ван хьо йигна кIант.

Дуьненах йиш яц малх къасто,
Дохийна аненгахь тIай –
Хьан сибтийн цIе даг чохь кхерста,
Сох вина чIеш тохку лай.