Безаман ницкъ

Заурбек Хамерзаев
                ДоттагIчунна Турпал-Iелина

Безамо ца вагош, ирсе веш, ца хьостуш,
Ваьхначо дуьненчохь эрна йорт йиттина.
БIаьрла йоI тIехъяьлча, шен дега ца хоьттуш,
Цуьнца дIадоьду дог, ша Iаччохь дегI дитна.
Безамна шераша еш ма яц новкъарло,
Цунах дIахаьдда де вайх цхьанне ма гойла:
Цуьнца бен яккхалац цхьа а хала ирхо,
Цуьнца ю ирсан тIум, марзонийн гIовла!