БIаьстенан Iаламо

Заурбек Хамерзаев
               
БIаьстенан Iаламо бIо арахецна,
Баьццарчу хуттаца кхелина кхаш.
Цец-бIаьрса ирдина, стигланах хьаьгна,
Го куьйра коьллашлахь де эшна Iаш.

Миска яI! Со шена тIекховда воьлча,
БIаьргаш чохь гулдели оьгIазе сур…–
Ижуна ахьа кхиэл кхайкхийча ирча,
Хьуна хьан буьйгIи те къизаллин гур?!

Сан куьйгийн йовхоно дог дерзош хорша,
Бицбина ша соьга хьебина тIом,
Са сема олхазар набарна тевжа,
Зоьпаршца къевлича шен бойна тIам.

Талорийн рицкъано кхиош дерг тийна,
Сан дагна язйина шен дегIан чов.
Тхойшиннан барт Iеткъаш, хьогIах дIаийна,
Лулахо ву кетIахь соь хьедеш дов.

Дицдац цо, сан хьаша, хьо эккхар керта,
Мац-мацах шен дадош бероза меъ.
Йиш яц-кха хьан дийца, латкъам беш барта,
Дахарехь оха шайн гатбарах некъ!

Адмашна вайн Дала дика, вуо къастош,
Кхетаман Нур-Хьекъал делла уьш оза,
Iаламна оьмарехь шен низам хIоттош,
Лачкъийна, хьулам беш, Шен кхиэлан йоза.