Къовсам

Заурбек Хамерзаев
Къовсам

                Йишина Заретана

Хьаннийн духаран бос хуьйцуш,
Арахь баржош можа палс,
Стигла мархийн ковра туьйсуш.
Хьийзош шайтIан-механ вальс.

Кхочу гуьйре, юлий архаш,
Аьхке эккхо, къовсуш кхаж:
Кхоло гIерта, къегна малхехь,
Стиглан сирла-сийна хьаж.

Амма аьхке, реза йоцуш
Иштта атта бита мохк,
Маьлхан догIа хьерса йолу,
Ловза, гIиттош берийн дог.

Анайистах куьйгаш гIортош,
Лоьхуш машар-маслаIат,
ВорхIе басахь духар лепош,
Стиглахь гIотту стелаIад.

Белакъежна хьоьжуш цаьрга,
Хенийн къовсам тергал беш,
Малх бу, хьаж тIе куьг а лаьцна,
Цу балхана боцуш шек.