Гуьйре

Заурбек Хамерзаев
Гуьйре

                Йишина Разетана

Маьлхан басар гIаш тIехь лепаш,
Дашо тайца йоккхуш тир,
ЙогIу гуьйре, етташ яппарш,
Гулдеш аьхка дисна кир.

Товнах лечкъаш IиндагI лехнарг
Ялтех кIара юьзна вац,
Аьхка балхахь хье кхихкинарг
Нехан шуьнах хьегна вац.               

Со цецвалац Iаьнна кечам    
Зингат дулуш бIаьста бан,
Са бIарзло сан адмаш гича,
Кхетам боцуш зингатан.