Зу

Заурбек Хамерзаев
Зу
                Меднатана

Дитташ кIеллахь кIохцалг-чотка
Уьду, дехкий лоьцуш маса,
Амма кхерам шена го-кха,
Юнийн буьрка хуьлий хьаьвза.
               
Iуьтту мехий, кара эцча,
Мерах левсех мох схьабетта.
Аьттан шура шена елча,
Вас дIайоккхий, йогIу берта.