Хьаьшна бода

Заурбек Хамерзаев
(С-Хь. Кацаевн кхоллараллехь гIиллакх-оьздангаллин проблема)
               

Шо-шаре мел долу, заманан чолхечу къизачу хиламаша, къаьсттина вайн махкана, къомана тIехь шен  "бохь" боьгIначу шина тIамо вайн Iер-дахар, кхетам, вовшашца долу гергарлонаш, гIиллакхаш а хуьйцуш, хецца дагара дийца, бакъдерг, харцдерг хьахош дош ала а ца хIуьттуш, адамаш хийцина. Массо а вовшех ца теша, мила муьлхачу тобанах ву ца хаьа. Цхьаболчарна Нохчийчуьра хьовра-зIовра мелла а дахдала лаьа, вукхарна - мелла а сиха хIара къизалла дIа а яьлла, маьршачу дахаре дерза.
Цхьаберш шай ма-хуьллу кхераме эладитанаш даржош бу: кхозлагIа а вайн махка тIом богIу бохуш, шайна цунах цхьа дика болх хир болуш санна. "Дала хьеха делахьара, хьонкан нIаьна хилахьара кхунах", бохурш а бу. Ткъа герзаца - лаьмнаш, хьаннаш а толлуш, са дадийна леларш, шайн юхадовла агIо яц, Iожалло лаццалц далуш долу зенаш а деш, дIалелар тIелаьцна бу. Адам, хIинцца-хIинцца, пачхьалкхан балхахь волчунна алап, воцчунна пенси, пособи а дала долийна, халла чу са дан гIерташ доллу. Диканах дог ца дуьллуш, Дала шайна тоьхна хан йоккхуш.
Иштта, баккхийчу эшамаша гIаддайина, хIора доьзалехь байинчарний, заьIап хиллачарний, тIепаза байначарний дан гIо доцуш, бIаьрзе лелаш дай-наной, йижарий-вежарий, гергарнаш хьийзочу муьрехь, зорбане йолу Кацаев Сайд-Хьасанан кхолагIа книга - "Бодашкахь". Книган цIе "Бодашкахь" - буьйсанан бода хилла ца Iа. Бода - и тIамана психологически адам кечдеш  долу шераш а, тIеман хан  а ю...
«Нехан вовшийн тIебахар, юьртара юьрта вахар а мелла лахделлера. Ца бевллачу денна бен ца бовлура юьртах. ДIа ваьл-ваьллачохь хаш, эскарш а дара. Серло йоцуш, цхьанне тайпана керланаш, хуьлуш лаьттарг а ца хууш, бIарзделла дара адам. Телевизоре хьевсича, "Вестишка" ладоьгIча, буьйсана чохь сирла а хилча, нехан са малха даларна кхоьруш, дIаяьккхина яра серло.  Юха, цхьамогIа ярташа куьйгаш а таIийна, оьрсашна муьтIахь ду, аьллачул тIаьхьа, схьаяийтира» ("Цхьана безаман истори").
Бода - и адамера адамалла дIаяьлла хан ю, адаме акхалла йоьссина, адамо адам дуьш...
«ТIамо адаман ерриг а бакъонаш хьошу. Адамо адамаш къиза хIаллакдо. ТIемалочун кийрахь ерриг а акха, къиза, боьха ойланаш самсаяха Iедало (нагахь санна цунах Iедал ала йиш елахь), тIемалошна шайн идеологи коьрта чу йоьттина ца Iаш, селхана вежарий а хилла даьхначу шина къомана, вовшех мостагIий тарбина ца Iаш, наркотикаш, маларш, эвхьазлонаш, харцонаш, кIомалш, кху дуьненна тIехь сий мел доцург юкъахоьцу,  даржадо... Иштта йохайо, гIаланаш, ягайо ярташ...» ("Яздархо, тIом а").
Кхин цхьа цитата а:
«Сий дезар, са лехар, дозалла, Iехавалар, дуккха а бахьанаш ду муьлххачу а тIеман. Амма орам цхьаъ бу - халкъаш бодане хилар. Халкъ дешна ца хилча, бодане хилча Iехо, тило, цунах шайна луъург дан а атта ду  ямартчу политикашна, цунна тов-тов къамелаш а деш, бердах кхуссу и» ("Яздархо, тIом а").
Книга оьрсийн маттахь хилар, барам а боцуш, авторна, дешархочунна а, вайн къомана а мехала ду. Авторан цIе йовзар мелла а шуьйра даьржар ду вайн махкахь а, махкал арахьа а. Нохчийн маттахь йоьшур йоцчара а йоьшур ю и оьрсийн маттахь. Кхечу махка ца кхочуш а юьсур яц гулар. Цигахь иза йовза аьтто хуьлу кхечу къоман дешархойн векалшна а. Царна девзар ду вайн къоман гIиллакхаш, вайн къомехь лаьттина бакъдолу хьал а, тIеман билггал бахьанаш, вайна тIехь лелийна харцонаш а. Уггар а коьртаниг - вай террористаш доцуш, машаре адамаш хилар, вайна тIом оьшуш цахилар а. ХIинццалц телевиденехь, газеташкахь, исбаьхьаллин литературехь а еккъа цхьа агIо яра лаьцнарг - оьрсийн. АтталгIа кху тIемех йохуш йолу кинош а паччахьан заманахь язйина йолу М. Лермонтовн, Л. Толстойн а произведенеш таханлерчу дийне ерзош, вай акха адамаш санна гойтуш: вовшашца тар ца луш, тобанашка декъаделла, адам дер, дохкар, меже яккхар а хIума ца хеташ, къиза, ямарт, сийдоцуш гойтуш яра. Вай дуьненна а кхераме ду, совца ца дахь, аьлла ойла кхоллайолуьйтуш. Герзаш духкуш, наркотикаш яржош, нах лечкъош... Пачхьалкхан ерриг а система яра вайн халкъана дуьхьал болх беш. Цу юккъехь нохчийн аз цхьанне а хезаш дацара, я олуьйтуш дацара, я ала баьхьаш бацара... Майрра ала мегар ду, С-Хь. Кацаевн "Бодашкахь" книга а, цхьамогIа публицистически статьяш а арайовларца, пуьташца, ямартлонца а нохчашна тIехь мел кхоьллинарг, мох баьлча хаьрца тхьамарийн гIала санна, хаьрцина дIадахара... Къаьсттина мехала дара и материалаш тIом дIабаьллачул тIаьхьа 50 шо даьлча язйина а йоцуш (тахана а цхьаболчу яздархойн позици!), тIеман шерашкахь араевлла хилар.
Цундела лаккхара мах хадийра С-Хь Кацаевс яздиначун халкъан яздархочо А. Айдамировс: «"Вайнах" журнала тIера "Яздархо, тIом а" цIе йолу хьан статья йийшира ас. Доггах язйина иза. Майрра, халкъах дог лозуш, хьекъале...
Талант йолуш Iилманчаш, поэташ, яздархой, молланаш, кхин, кхин а нах хуьлу. Амма церан талантан а, церан стихийн, романийн, Iилманан белхийн а ши кепек мах бац, нагахь санна уьш шен халкъана тIе бохам беъча, цунах дог лозуш, цуьнгахьа гIо доккхуш бакъдерг олуш, иза бохамех кIелхьарадаккха шен ницкъ кхочург деш бацахь. ХIокху тIаьххьарчу шераша зийна вайн интеллигенци. Сан даго лоьхурш Iаламат кIеззиг гучубевлла.
Нохчийн цхьа декъаза амал ю даима вайн халкъана зуламе, бохаме йолуш: бакъдерг ала, яздан ца лаар, ца дахьар...
Сайд-Хьасан, ахь хьайн дош аьлла. ХIинца хьан бакъо ю, оцу вайн дукхахболчу накъостийн санна, безамах, Iаламах лаьцна а, хIокху тIамах лаьцна дош ца олуш, кхидерг хIуъу яздан а».
Халкъан яздархочун А.Айдамировн кехато а, философин Iилманийн доктор волчу В. Акаевн статьяно а доккха гIо-накъосталла дира Кацаевна, балхара ца вохавайта а, суьде ца валийта а... Адамаш тIепаза дойуш хан яра и, "Даймохк" газетехь араяьллачу цуьнан статьяна министерствон белхахочо иштта рецензи елча: "Кацаевс оьрсийн инарлаш фашисташ бу боху, карательш". 
Амма Абузара Сайд-Хьасане "Ахь хьайн дош аьлла. ХIинца хьан бакъо ю, тIамах лаьцна дош ца олуш, кхидерг хIуъу яздан" аьллехь а, Кацаевн кхоллараллехь и тIамана дуьхьал хьалхара тохар бен дацара. "Яздархо, тIом а" араяьллачул тIаьхьа зорбане евлира "Машар", "Теш", "Цхьана безаман истори" дийцарш, "Маршонах лаьцна", "Иерусалим яккхар", "И мерза ненахой", "Локка", "Дудаевх лаьцна", кхийолу а статьяш.
Царах дукхах ерш хIинца а дуьне ганза хир яра, Куршлойн районехь "Машар" цIе йолу (Кацаев ша редактор а волуш) газет схьадиллина ца хиллехь.
Нохчийн литературан исторехь хилла яц доьналлех, майраллех, бакъдолчух а юьззина, шен дегIана, сина а уггар кхерамечу хенахь авторан позици оццул маьрша хиларца язйина произведенеш.

1

IАДАТАШ ЛАРДАР

"Бодашкахь" книгин хьалхара дийцар ду "Цхьана безаман истори" (хьалхарчу зоранехь – Рэй Брэдбери). ИссалгIачу классера дешархочун а, хьехархочун а безамах лаьцна. Дийцаран сюжет чолхе хир яцара коьртачу безаман темица, нисса бохург санна, шолгIачу тIеман буьрсаллин хиламашца доьзна суьрташ а дацахьара, дийцарна чохь дийцар кхуллуш, америкин яздархо-фантастан Рэй Брэдберин дийцаран турпалхойн (хьехархо йолчу Энн Тейлоран, дешархочун Боб Сполдинган а) безамца дустуш далийна масал ца хилча а. Дийцаран фабула чолхе ног етташ яцахь а, хьалхий-тIаьхьий хила безачу хиламийн меттигаш хийцаеллехь а, авторо шен лирически юьстах вийларийн ойланашца дийцаран хиламийн тай ца ходуьйту. Амма хIокху дийцарна а оьшу "тидаме" дешархо: ца хилахь дуьххьара дийцар дешча (цкъа а дешна IадъIахь), дийцаран маьIнех кхета хала хир ду.
Цкъа делахь, иссалгIачу классан дешархочун, хьехархочун а безаман юкъаметтигах, церан синхаамаша цаьрга, эрна хан яйарна я безамна пайденна дайтинчу гIуллакхех лаьцна далийна масалш дац. Я церан безамо вовшийн дегнаш чохь гIаттийначу ойланех, алунах лаьцна диалогаш ца ялийна. Бакъду, Рэй Брэдберин "Огонек" журнала тIехь зорба тоьхначу дийцаран турпалхойн диалог шен дийцарехь ялийча, тоам бина авторо. Ткъа Кацаевн дийцаран турпалхойн а хилла хир ду-кх вовшашца иштта къамел аьлла, ша тида дезаш ву дешархо. Турпалхочунна езаелларг къона жеро ю, кхул 5-6 шо йоккха а йолуш.
Царна безамца цхьаьна кхета новкъарло еш кхоъ дуьхьало ю: хьехархочунний, дешархочунний юкъара гIиллакх-оьздангалла ларъяр; доккха-жима хиларца йолу хенан башхаллаш; кIантстаг дешархо, маре девзина жеро а цхьаьнакхетар нохчийн Iадато емал дар а.
Вайн турпалхочунна хьалхара ши дуьхьало-м башха новкъа а ца хета. ХIунда аьлча шариIат, дуьненан юкъара низам а дуьхьал дац иштта кхоллабеллачу безамна. Амма нохчийн Iадат дуьхьал ду шел йоккха зуда ялон.
«Наха жима зуда хаза а хилча, жеро а хилча, хIума олу, доцург а кхуллу. Тхойшиннан юкъаметтиг цIена яра.
"Оццул вовшийн дезаш долу тхойшиъ а вовшийн довзаза хилча, нахаца хIун хир ду цуьнан?" - ойлайора ас.
Со ца тешара нехан хабарех. Амма воккха мел хили а, уьш бахьанехь юкъа херо юьйлира тхойшинна. Со и йолчу ца воьдуш, суна и ца гуш масийтта шо а долура. ХIара дуьне, адамаш а суна жимчохь моьттинарш дацара. Уьш моттаргIанаш хиллера.
Суна моьттура, тхойшиннан цхьаьнакхета новкъарло ян дуьненчохь хIумма а дац. Со цуьнца ирсе хир ву. Мохьмад-пайхамаран, Карл Марксан а зударий а хилла царал баккхий. ХIун дара ас и ялийча? Пайхамарал а веза стаг дуьненчохь хилла а вац. Марксал Iедало лоруш стаг а вац. Иштта ойланаш яра сан. Амма воккха хилча кхийтира: дерриг а ду-кх тхойшинна цхьаьнакхета новкъарло еш, дерриг а. Нохчий я бусалба а хилла шарIаца лелаш боцуш, я керстанаш санна оьрсийн законца а боцуш нах бу. Цу шинне а Iедалца мегаш дара ас и ялон. Нохчийн Iадатехь мегаш дацара».
Дахарера, литературера а кхин а масалш дало йиш ю, шел йоккха зуда ялаярх лаьцна. Кацаевн дийцарехь а ду уьш шиъ. Мухьаммад пайхамаран (Делан салам-маршалла хийла цунна), Карл Марксан а зударий а хилла царал баккхий. И ши стаг вустарца далийна масал дац и. Бусалба, светски а Iедалехь мегаш хилар гайтаран Iалашонца ду. Амма нохчийн дахарехь, дукха хьолахь,кIентан цIеранаш дуьхьал хуьлу ишттачу захалона, нахана дийца хIума а долу.
М. Бексултановн "Ма хьежахьа соьга" дийцаран турпалхо а вуьйцу: "Нана ялийна кхо шена", - бохуш.
ЦIерачара бохург тергал ца деш, наха олург а бен ца хеташ, шен дегIана там лоьхуш стаг хила веза, шена луучунна тIехь чекхвала гIертарг.
Советан Iедалан заманахь хилла бохуш дуьйцу. Нускалца маха бан чуваийтина молла эккхийнера цхьана стага. Ша Iедалан загсехь регистраци йина, хьан бозбунчалла ца оьшу шена аьлла. ЮьхьIаьржа хIоьттинчу дас бехк баьккхина: "И хIунда ди ахь, кIант! Наха дуьйцур ду-кх вай делла дIадовллалц!" - аьлла. КIанта жоп делла: "ДIавалахь, дада! Мел дукха дийцича а, шарахь бен дуьйцур дуй иза? ХIинцца цул а галдаьлларг кхечаьргара а даьлла, вай багара охьадохкур ду хьуна!"
Iадаташ, гIиллакхаш а ваьшна са, пайда а хуьлучу агIор бен ца лоруш дIахIуьттуш дара вай, кху тIаьххьарчу заманахь къаьсттина.
Кацаевн турпалхо С. Бадуевн а, бакхийчу чкъурах кхиболчу яздархойн а турпалхой санна "ширачу Iадаташца" къийсам латтош вац. Уьш лоруш, лардеш а ву.
ТIаьхьалонан ойла еш хиларо, цIерачаьрца болчу лерамо, наха олучух ларвала гIертаро а шен безамца цхьаьна ца кхоьтуьйту дийцаран турпалхо.
Цуьнан безам шеконе хIотто а тарло. Шена баккъал а езаш хиллехь, юьгур яра, аьлла. Наха эр долчун ойла а ца еш, шена езарг ирсе ян хьожур вара.
Амма хир дарий и шиъ вайн юкъараллехь ирсе?
"Юкъараллехь Iаш юкъараллех маьрша хила йиш яц", боху Марксан алар шир ца делла тахана а. И цхьаъ ду. ШолгIа: ойла ер вай, вовшахкхетта итт-пхийтта шо даьллачул тIаьхьа муха хир дара церан дахар. Иза (кхуьнан доьзалан нана) - къанъелла, хIара (хIинца а дегIехь дикка ницкъ болуш) - жима зуда езаш, ялон лууш.
Цул боккха бохам буй цхьана а зудчунна?
ТIаккха церан дахарехь хиндерг а хууш ду-кх вайна. Молланаш, дарбанаш, жайнеш, бIаьрхиш...
- Елла елира со хьоьга йогIучул!
Амма шолгIа зуда а ялон мегаш дара (юкъаралло хIунда доьхку Дала магош дерг?!), вайгахь дуьззина иман делахьара. Зударшкахь а, стегаршкахь а...
Дийцаран турпалхочо цу дерригенан а иштта ойла йина бохург ала ца гIерта вай. Амма цо и ца йина ала а йиш яц.
Кацаевн турпалхо бакълоь, марера боьхначу жеройх лаьцна дуьйцуш, нехан эладитнаш дукха хуьлу аьлча. Вовшийн деззашехь шаьшшинна юкъахь а гена даьлла хIумма ца хилча, нехан хабарех ша цатешар а, хоуьйту цо. Ткъа хIун хабарш ду уьш? Хьехархочун кхечаьргахь ойла ю бохуш, я кхечаьрца кхуьнцачул эвхьаза ю бохуш... Амма вайн турпалхо, мел ца тешахь а нахах, цхьана муьрана хера волу шена езачух, масех шарахь и йолчу а ца воьдуш. Iедал доьхна, зама а хийцаелла. Дуьнене, адмашка а болу хьежам хийцало кIентан. Херонан шераш юкъадале моьттура шайн ирсана дуьхьалбала цхьа а ницкъ хир бац. "Огонек" журнала тIера цхьа дийцар дешча чIагвелира и цу ойланехь. ТIаьхьо хаьа кхунна, цу дийцаран автор Рэй Брэдбери хилар. Жима волуш коьртаниг авторан цIе яцара. Коьртаниг - турпалхойн дахар, къийсам, вовшашка болу безам а... и дара. 
Боб Сполдингана шен хьехархо Энн Тейлор езаелла, шел итт шо йоккха а йолуш (кхуьнан 14 шо хуьлу цу хенахь). Муьлхха бехказло хьовзийна а, хьехархочуьнца цхьаьна виса бахьанаш хIиттош, цунна гонах хьийза иза. Хьехархочунна а везало дешархо.
«ЙоIа, ша собар-м дийр дара, элира, кIант воккха хиллалц, хьуна воккха ма хиллина йицлур ю-кх ша. Цо шен безамах, шена иза йицлур ца хиларх а тешийра иза. Ахь ша йицъяхь, ша лийр ю хьуна, элира йоIа. Ша воккха хиллалц собар дича, ша ялор яра хьо, элира кIанта. Амма школа а яьккхина гIала вахча, цунна йицъелира иза... Дуккха а шераш девлира иза цу юьрта ваза. Юха и дага а еана веъча, цуьнан кошан барз тIекхечира иза. ХIара дIавахана дукха хан ялале, хIеттахь, сингаттамо йийна хиллера иза.
Цу хенахь ас башха тIе а ца лецира и дийцар. Суна цхьа туьйра хийтира и. Безамна тIехула вер-ваккхар, валар а Шекспиран произведенешкахь тара суна, кхечу яздархочуьнгахь, кхечу заманца а догIуш ца хетара. АтталгIа "Къоначу Вертеран баланаш" романан авторехь а».
Оцу дийцарх туьйра а тарделла, Кацаевн турпалхочунна башха дагах а ца кхета цу тIера хиламаш. Безамо а, эмгаралло а адам лечу хьоле доккху бохучух хIара тешаш а вацара.
ХIинца юха а Кацаевн турпалхочун, цуьнан хьехархочун а безамах лаьцна къамел дер вай.
ЙоIан агIор берг баккъал безам бу. ХIунда аьлча, иза цкъа дахаро чахчийна ю, шен дог-ойла харцахьа а кховдийна, безам дегIан кхача бу моттадаларна. Ткъа нускалан зама дIаяьлча, безам синкхача а буйла хиъна цунна. Цундела жеро-хьехархо синкхачанан безамна кхиъна яьлла. Цунна хаьа дезаш долу ши адам вовшашна диканаш дан, там лаха, къамелаца, синлехамашца, дешар-кхетаман барамца а цхьаьна догIуш, вовшашна тешаме хила дезий. Ткъа дешархо жима ву. Олуш ду: "Ткъа шаре валазчу къонахчунна массо а зуда, зудабер, жеро а хазахета". Иза дегIана там лоьху хан ю. Синкхачанах кхетам кIезиг болуш. Амма дийцарехь вайна го, цхьа а къайле а йоцуш, кIантана хазахета шен хьехархо, цуьнца самукъа а долу цуьнан, цо хаза а хеташ цуьнца луьйш-олуш хан а йойу. И дерриге а цо леладо, шега хьехархочо шен безамах дерг хьалха схьахаийтича. Хьехархо-жерочо шегара далийтинарг гIалат ду, шен дагара хьалха хоуьйтуш. Оцу балхо Кацаевн турпалхочун дага, мелла теснехь а, куралла тесна. Иза-м мичча хенахь а йолуш яра аьлла хеташ, вайнаха ма-аллара, "кхаьллех даьIахк йоьллина жIаьла санна", паргIатвалар шерашкахь дахло цуьнан. Безамах бIаьрг буьзна хетачу зудчунна хилларг дика хьахийна А.С. Пушкина шен "Евгений Онегин" романехь:
Чем меньше женщину мы любим,
тем больше нравимся мы ей.
И тем верней ее мы губим
средь оболстительных сетей.
Шен 25 шо кхаьчначу хенахь а, шен хилла "деган безам" хIинца а марехь а йоцуш, шел жимах волчу вешин бераш кхиош Iаш йолу, иза дагахь а вац, иза яла а йина, цуьнца цхьаьнакхета. Ткъа жеро-м, турпалхочо ша дечу мукIарлонца, шена тIетиттина дерриге а захалонаш юха а тоьхна, кхуьнга хьоьжуш Iаш ю. Эххар а, дагахь а доцчу, кхераме а ца хетачу цамгаро дIахьо иза. Жима стаг ца теша иза кхелхина аьлча. Гергара а, дагна юххера а адам кхелхича, гуттаренна дIасакъастаран кхетам тIаьхьо бен ца богIу бисинчаьрга. Шен да кхелхина бохучух ца тешаш дикка лелар а хьахадо цо, иза, хIинций-хIинций садоIуш волчуьра я набарна тевжинчуьра сама а ваьлла, чукхочу бохуш...
Нохчийн зударийн психологи шатайпа ю. Кхидолу бусалба къаьмнийн зударий санна, цхьана стеган долахь масийтта зуда бертахь яха Iемина яц нохчийн. Уьш бехар хилча а, наха ца буьту, юкъа мотт-эладитанаш лелош. Кхузткъе итт шарахь Советан Iедало дакхехьначу политико а зен дина вайн кхетамна. Нохчийн зудчун я стеган а бакъо яц керста къаьмнийн божарий, зударий санна дуьненан синкъерамашна тIаьхьабевлла, шайн догIмашна там лоьхуш лела. Сий лардеш баха беза. Цигара схьа ю вайнехан синошца кхоллаелла шалхо. Нахана ца хиъчахьана бохуш, къайлаха сакъерар я зударий долабахар.
ШариIатан тIедахкарш, муьлхха а къоман Iадаташ а дуьхь-дуьхьал лаьттачохь, Iадат дита деза, шарIо бохург кхочуш дан деза.
 "Цхьана безаман истори" дийцаран турпалхо Советан заман стаг ву, шен сица нохчолла йолуш. Иза къонах велахь а, амма къона ву. Цундела кийча вац иза шен къоман, заман а Iадаташца къовса. ЦIена виса лаарна, нахе ша ца вийцийта а, безамах хадар гIоле хета цунна.

2

БЕЛЛАЧЕХ ХЬЕГАР

Дийцаран доьалгIа дакъа дерриг а тIеман темина дIаделла ду. ТIеман халоно холча хIиттийначу адамийн дегнаш шагделла, къизалла яьржина, "дийна берш  беллачех хьоьгур бу" бохург бакъхилла даьлла. Миска, цхьана а хIуманна гуьнахь боцу нах чIана бохуш, хIаллакьхуьлуш бу. Шен Iожаллех, меттахь а Iуьллуш веллачунна ца доьлхучу даьлла адам. Баккхийчара и дерриге а эвлаяаша хир ду баьхна аьлча, тешарш кIезиг бара.
«ГIашсалтий, танкаш а чулехкарх гIуллакх а ца хилла, геннара снарядаш, ракеташ а чуетта оьрсаша. ДIадолла дакъа а ца дуьтуш, хIаллакбо маьрша нах. Шаьш схьаяьккхинчу гIалахь, юьртахь а контрактникаша, сий дайинчул тIаьхьа, дийна доллуш дагадо зудабераш. Кеманех, артиллерино тIеетачух а подвалаш чу левчкъина цомгашчарна, къеначарна а чу гранаташ, лимонкаш кхуьйсу. ХIоьан гергаша аганчуьра бераш дойу. Шен Iожаллица делла адам, ирс долуш хета тахана».
Дийцаран турпалхо шен езар кхелхинчу тезета а воьду, цуьнан нене, ара а йоккхуьйтий, кадам а бо. Нана, мара а оьккхий, йоьлху. Шен йоьIан дагара ца хууш хилла хир яц иза а. БIаьрхиш-м совцаделира шега, амма дог доьлхура шен, боху кIанта. Нана а шен йоIана тIаьххье, дукха ца хьелуш, дIакхелха. Амма цуьнан тезета ваха лара ца во иза, цунна тIаьхьо бен ца хаьа иза. ТIамо, цамгаро а чохь витна хIара. Дехьа-сехьа вахар-вар тешаме доцуш, харцоно, ямартлоно а адаман дахаран мах кепеке а ца кхачош зама яра, федеральни эскаро мел долчу герзийн ницкъаца нохчийн къам гора хIотто гIерташ къизалла гойтуш. Кацаевн турпалхорчунна дика хета, шена езнарг хIара ирча зама ган ца йисар. Дала, цуьнан экамаллех, догцIеналлех, оьздангаллех къа хеташ, дIайигна хилла хила там бу иза. И санна гергара, дагна юххера йоI шена кхин нислур йоций хаьа цунна, шайн цхьаьна дахар а, вовшех ирс эцар а ца нисделлехь а. Хьалха туьйра хетта долу Рэй Брэдберин дийцар а хIинца бакъдерг хета цунна.
Муха нислур дара ца хаьа оцу шина адаман дахар. Амма, кхелхинехь а, йоьIан дог боккхачу безамна догуш, цуьнга са тесначохь сецна, везачух ойланехь ийна.
«"ХIун хир дара иза яха йиснехь? - ойлайо ас. - ХIара бехъелла, сийдоцчу  яьлла зама гур яра-кх цунна".
Цуьнан ойла йича, и ялар, сайна лан мел хала хиллехь а, хIара цунна ца гина хазахета суна. Иза дукха тIехдика, дукха тIех цIена адам дара. Цо ловр яцара хIара къизалла, хIара акхалла. Дала, и хууш,  дIайигна и...»
Кху дийцарехь Кацаевс бехказа а вохуш, бехке во шен турпалхо, цо гоне ладегIарна, ирс лахаран парталлина, дукха цIена виса гIертана а.
Оцу амалша ца вуьту Кацаевн турпалхо хьехархочуьнга баркаллин (къастаран) дош аьлла, шега шерашкахь бахбелла цуьнан безаман сатийсам хадо а. Иза, ша дика до а моьттуш, масех шарахь ша везаваларна цамгар кхеттачух, гучу а ца волуш, ведда лела. Иза къизалла ю. Иштта лелачул, ши дош а аьлла, безаман моттаргIанаш хадийнехь, адмаллица, дог Iовжош делахь а, нийса хир дара. Барта и къастам ца хуьлуш, Дала а хьалха дуьту и ши адам вовшашна дашца вас ярх.
«ХIинца, сайна езнарг а еллачул, со а цул воккха хиллачул тIаьхьа, суна тохара санна туьйра ца хета и. Суна иза цкъа а йицлур яц. Со дахарехь цуьнца цхьаьна ца кхеттехь, иза сан езар ца хиллехь а, сайна мел евза йоI цуьнца юстура ас гуттар а. И санна юххера, гергара, хIаъ, гергара, цхьа а ца хетта суна. Я хIинца а ца хета...»
Вайначул Далла дика хаьа хила дезарг. Дуьненахь вовшашка сатесначохь и шиъ къастар, эхартахь уьш цхьаьна тоха Дала хIоттийна бахьана хиларх тешар тIехь дерзор вай "Цхьана безаман истори" дийцарх долу къамел.

3

КХЕТАМАН НИЦКЪ

Дала де къинхьегамна, буьйса синтемана, садаIа а хIоттийна массо а садолчу хIуманна. Де маьлхан, буьйса беттан серлоно хаздеш хьийза дуьне. Амма беттан а, седарчийн а серло ца хилча буьйса бодане, Iаьржа хуьлу. Буьйса тем бо хан елахь а, хене довла, ижо лаха а арадовлу Iаламан цхьадолу синош. Бодашкахь тохало уьш шайн дезарш кхочушдан. Адамашлахь а бу буьйсанан боданехь шайн зуламе, боьха а Iалашонаш кхочушъеш берш. Цундела "Бодашкахь" (гуларан цIе еллачу) дийцарехь адамийн муьлха къизалла я Iотта-баккхам, я дегаIийжам бийца воллу-те, аьлла, хета автор. Дийцар дешча аьхкенан эсалчу буьйсанан аьхналла юссу дешархочун даг тIе, мерзачу къоналлин ойланаша вуьгу шен жималлин гIенашка, шен берхIитта шарахьлерчу синхьегамашка.
Дийцарехь хиламаш маьI-маьIIера лехьийначу кийсигех вовшахтоьхна бац.
Дийцаран сюжет совнахлонаш йоцуш, традиционни кепехь ю, амма яздархочун мотт, йозанан хатI, турпалхойн амалш, Идрис Базоркинан романа тIера дустаршна ялош йолу цитаташ, Iаламан гIоьналлин суьрташ, дийцаран долор, дерзор, хиламаш кхиар, уьш лакхарчу тIегIане кхачор а - юьззина композицин барам ларбеш, иза мелла хаза, жима, кхачаме ерзийначу кепехь ду. Исбаьхьаллин агIоне даьккхича, кхин цIена хила йиш йоцуш, оьзда, гIиллакхехь а  ю кIентан (студентан), йоьIан а (фабрикан белхалочун) буса нисъелла юкъаметтиг. Дийцаран ши турпалхо 18-20 шераш кхаьчна кегийрахой бу.
«Вовшашна кIентан, йоьIан а синош тIекхийда, безам уггар а мерза хуьлу хан...»
Студенто, шех шина йоIа теша а тешна, схьатоьхна шайн кхолагIа накъост, пIелг а ца хьакхош, я дагара хоуьйтуш дош ца олуш, шен цIа кхетайо.
"Бодашкахь" дийцарехь студента ша вуьззина оьзда вайнехан кIант, къонах а хилар гойту. Шеца, юкъал тIех яьллачу буса, кхин орцах вала стаг а воцуш, йисинчу йоIах къахета цунна. Иза вац вочу, эвхьазчу агIор цунна тIекховда дагахь а. Мелхо а иза шех ца тешар новкъа ду цунна. ЙоIан лаам а болуш, цо ша тIехьовзийтар дагахь-м дара цунна, цо ша ма-аллара: "Сайн романтик волу, хьалхарчу миноташкахь суна и дага а догIу, амма йоIан гIелонах а, сайх тешна йисарх а пайдаоьцур болуш вац со". Оцу ойланаша дага тосу цунна шен ши йиша хилар а, уьш кху йоIан метта нисъяла магар а. Цундела хотту цо йоIе: "Хьан ваша вуй?". Вац, аьлла, шена жоп делча, кхо олу: "Сан ю хьуна ши йиша".
ЙоIца хиллачу диалого карлабоху студентана Идрис Базоркинан "БIешерийн бодашкара" романан хиламаш.
Тоьлла кIант, йоI а зуьш, ламанан хьехачу буьйса яккха дахийтар. Цара цIена юкъаметтиг ларйой хьовсуш. Хьере, эвхьаза вала лааран ойланаш къахкорхьама, Зорина тIаьхьахIоьттина воьдучу Калойс шаьлтанца шен кераюкъ хадайой, чевнна тIе туьха тосу. Цу Iовжаваро кIентан кхетам меттахь латтабо. Цу шимма хьехахь буьйса а йоккху, Зорина ша Калойга маре яхана гIан а гуш. Самах и гIан цул тIаьхьа дуьхьал а долу Зорина. Амма боьхачу нехан меттанаша эладитанаш-м дуьйцу: "Лаа дац хьуна иза цуьнга яхар. Цу буса хилларг къайладаккхархьама яхана". Иштанаш а оьшур бац дуьне мел лаьтта.
Амма студенто, ур-атталла цIе а ца хоттуш, "цуьнга эрна ойланаш ца яйта, некъ бацбан, цхьана а кепара шалха тида йиш йоцу къамел а дой", йоI шен цIа кхаьчча, цуьнан Iодикайо. 
Кхин и ши адам вовшийн ган а ца го, гинехь а, довза а ца девза, цу буса вовшийн тидамаш ца бахарна. Дела реза хийла "Бодашкахь" дийцарехь долчу йоIана, кIантана а, цара нохчийн къоман гIиллакх-оьздангалла ларъярна а, вовшех лаьцна цIена, мерза, тешаме а дагалецамаш битарна а шайн а, дешархойн а дегнашкахь.
Дела реза хийла Кацаев Сайд-Хьасанна а, дахарехь иштта турпалхой карийна волчу.
Дала мукълахь, оцу дийцарехь санна, цIена ойланашца, оьздачу гIиллакхашца, инстинктан синлаамел, кхетаман ницкъ даима сов болуш, кегийрхой алсам бу вайн къомалахь. Уьш мел бу, вай оьздангалла йовр яц. "Бодашкахь" дийцарца яздархочо гойту вайна бодане ойланаш, амалш, гIуллакхаш, Iаьржа белхаш вайн дахарехь тоьлург ца хилар. Къоман, адамийн кхетамо эшар ду бодане зуламаш, гIиллакхдацарш, цIарматлонаш. ХIораммо а шеца я шен гергарчаьрца уьш лелийча, шена хетадолчун ойла яхь, вай хьекъал, ойланаш а меттахь лаьттар ю. Дегнийн ойланаш цIеначу адамашна кхераме боций хоуьйту яздархочо шен дийцарехь. Дийцаран цIаналла - вайн заманан боданна дуьхьал лаьтта. Дийцар 2001 шарахь яздина хилар тидаме эцча, Боданал а Серло тоьлур хилар гойту авторо, тIамо шелдина адамийн дегнаш дохдеш...

4

ХОЛБАТАХЬ ДАЙНА ДАХАР

"Кафка". Схьагарехь, кхечу пачхьалкхийн яздархойн дахар, кхоллараллин башхаллаш а талларехь нохчийн маттахь хьалхара болх лара йогIу Кацаевн эссе.
Франц Кафка (1883-1924) хIетахьлерчу Австро-Венгрийн монархи юкъайогIуш хиллачу Прагехь жуьгтийн доьзалехь вина. Немцойн школа яьккхинчул тIаьхьа дас Пражски университетан юридически факультете деша вохуьйту иза. КIантах шайна накъост, доьзалан да а хиларе сатуьйсура дас-нанас. Балха тIехь бохамах страховани ечу конторехь къахьоьгучу Францана ца безара шен болх. Цуьнан ерриг а ойланаш литературан дIаелла яра. (И ду Кафка Кацаевна гергара вийриг а.) Амма ваха везаш хилча, сом даккха агIо лело а езара. Адамийн дахарехь хуьлучу бохамаша (лор Чеховна санна) шена сюжеташ яла тарлахь а, Кафкина новкъа яра ша балха тIехь йойу хан. Книгаш йоьшуш, язъеш а Iачу меттана, иза дийно сарралц конторехь хиъна Iа везаш вара.
"Фантазех дуьзна долу сайн чоьхьара дахар гайта лааро цхьа а маьIна доцчу даьккхира дерриг диснарг", - яздо Кафкас шен дневникашкахь.
Дийна волуш кIезигчу нахана бен евзаш ца хилла Кафкин произведенеш. АтталгIа гергарчарна а дош ца хеташ. Хала яздечу яздархойх ву Кафка. ХIунда аьлча, атта язлучу яздархочунна школехь, университетехь а даьхначу шерех дагалецамаш а тоьар бу велла дIаваллалц яздан. Яз ца даларан бахьанаш Кафкин жимчохь дуьйна шатайпа хиллачу амалехь, ваха ца вахьарехь а го Кацаевна. И амал, ваха ца вахьар а, арахьара дахар ган ца лууш, къовлавелла Iер а цамгаре доьрзу Кафкина. Яз ца дича паргIатвалар а доцуш. Лозучура корта ца соцуш. Вагочу ойланаша дIа ца хоьцуш.
"Яздан лаьа суна, хаддаза хье тIехь пха беттабаларан сингаттам".
"Дерриг а дуьхьал ду-кх ша дIаяздарна".
Дуккхаза а ша зийначул тIаьхьа дневникаш язъян вулу Кафка. ХIунда аьлча ламаст хилла дIахоьттинчу кепехь дийцарш, романаш язъян ца хаьа цунна. Дневникашкахь шена ала луург дика гайталуш санна хета цунна. "Ас кхин юьтур яц дневник. Ас цу тIехь ларван веза со, хIунда аьлча цу тIехь бен и нис а ца ло сан".
ХIора яздархочун шен литературни да ву. Кафкин ишттачу литературни дайх цхьаъ ву оьрсийн гIараваьлла яздархо Ф. Достоевский. Кацаевс вайна гойту Ф. Достоевскийн кхолларалло Кафкина бина тIеIаткъам а, цунна Достоевскийн турпалхошкахь шен декъаза дахар гар а. Л. Толстойс, Достоевский воккха яздархо хилар шеконе а ца дуьллуш, иза ша санна цомгаш бу цуьнан турпалхой а, олуш хилла.  Вайна Н. Гогольн, Ф. Достоевскийн а кхоллараллехь гуш болу пекъарш кхин а сов дакъаза бевлла Кафкин произведенешкахь. Нагахь Достоевскийн кхоллараллехь и цомгашчу турпалхошна гуш гIенаш делахь, Кафкин произведенехь ("Превращение") и дахар ду. Достоевскийн турпалхой къийса гIерташ бу системица, Кафкин турпалхоша дош ца олуш тIелоцу шайн кхоллам. Iедална, ахчана, ницкъ болчарна гергахь а гIорасиз ду адам, хета Кафкина. Цундела дина цо Грегор Замзех сагалмат.
Достоевский, цуьнан турпалхой а санна, самогаш вац Кафка а. Цундела дукхах долчу хIуманаш тIехь Кафка шен произведенешкахь цунах тарвала гIерта, амма цуьнан яздаран ницкъ ца кхочу, исбаьхьаллин произведенехь Достоевскийн санна, къеггина персонажаш кхолла. "Цхьа мийра тоьхна дуьненчуьра аракхоьссина, гIан лардеш диван тIехь Iуьллу со, и кхачалуш дац, нагахь дагIахь а, хьакха бен лур дац сох, кIадваларна лозуш ю сан хIуттургаш, сан гIийла дегI холчу хIиттадо синхаамийн тулгIенаша, царах ма-дарра кхета ца хIутту и, хьечохь цIий деттало".
Пехийн цамгар а дозанашкара араяьлла шен синцамгар лоруш хилла Кафкас.
Кафкин дахарехь а, кхоллараллехь а гIенаша йоккха меттиг дIалоцу. Вайнахана юкъахь хилча-м цунах цхьа "къайленаш евзаш стаг ван а там бара. Оцу "къайленийн" гIенаш гойтучу набаре сатуьйсуш, Iуьллуш ву Кафка дийнахь, буса а шен диван тIехь. Оцу гIенийн фантазино ло Кафкина яздан сюжеташ. ГIенаш ца гуш яханчу хенахь цуьнга хIумма а яз ца ло.
Цундела боху Кацаевс: "Яздархочун амалх, дахарх а йоьзна ю цуьнан кхолларалла а. Шен тийна канцеляри Iадйитина, цхьана заводехь я кхечахьа, нуьцкъала болх бечу, ваха хьуьнар хиллехь, Кафка а кхечу агIор вевзар вара вайна".
Адмашна юкъахула лела а ницкъ ца кхаьчна цуьнан, Iер-дахар хийцар шен кхоллараллина пайденна хир дуй хуъушехь, иза хийца а ца хIоьттина иза. Шен ледарлонаш, кхачамбацарш а дика девза Кафкина, амма царна бехке шен да-нана дарал сов, уьш дIадаха гIоьртина хIумма а ца до. Ша дений, нанний муьтIахь кIант ца хиларна а къера ву иза. Я шен вахаран хьал тодан, я литературехь кхиам баккха таро ца хуьлу цуьнан. "Цхьа боккъал доцчу дахарца веха со", - боху Кафкас. Шен ден-ненан кочахь чекхвала "стогалла" ца тоарна хета Кафкина ша оццул ледара дахаран хьелашна дуьхьало ца ялуш. Дений-нанний хьалха ша декхарийлахь хеташ а вац иза,  Товрато бохург довзахь а. Кафка цомгаш стаг ву, дахарера материал схьаэца иза наха юкъаволуш вац, ткъа гIенаш цунна даима гуш дац я лартIехь еш наб а яц. Яздан лаьа цунна, амма яз ца ло: "…физически яз ца далар, кийрара схьа и эшар а".
Эссе язйина хан тидаме эцча кхета вай, Кацаевс Кафка шен турпалхо хIунда хаьржина. 2000 шо. ШолгIа тIом тIе беана, Нохчийчу юха а бода боьссина зама. Ишттачу хенахь уггар а хала ду кхоллараллин стагана. Хьекъал кIезиг долчарна, кхетам аьрта болчарна, бохка беллачарна а атта ду. Кхоллараллин стаг цхьалха, декъаза ву ишттачу хьолехь. Хьанах тешар ву а ца хууш.
"Кху тIамах лаьцна аьлча, нийса агIо, нийса некъ а каро атта дац. Генара хьоьжучу хенахь дика къаьста цхьадерг. Хьо юьстаха волчу хенахь. Я хуьлург хилла даьлча. Ткъа цу юкъахь хилча? Муха вуьсур ву нийсачу новкъахь, муьлхург бу и, нийса некъ а, дехьа сехьа агIор а "летарш" вербовать бина хилча, царна тIаьхьа хIиттинарш бIаьрзе а хилча? Хьо велча а, хIумма а хийца хьан ницкъ а ца хилча…" ("Яздархо, тIом а".)
Хьо велча а, хIумма а хийца ницкъ ца хиларх кхета Дала хьекъал даларна, яздархо цхьана ханна юьстах вуьсу дахарехь хуьлучу хийцамашна. ГIайгIано, цхьалло а дагадоуьйту ишттачу хьелашкахь баьхначу яздархойн дахар. Цо ницкъ ло, заманан харцонашка, ямартлонашка а ца хьоьжуш, кхидIа а ваха, къийсамехь толам баккха а, сий лардан а.
"Цхьа а гIуллакх шен дуьхьа вала хьакъ долуш ца хилар го хьуна,ткъа ваха веза, хIуъу хуьлуш латтахь а, сий лардеш, хIунда аьлча, и хьан цIийца ду, амма цхьана а хIуманах цатешар, искусство йоцчух, и бен ца ларар, литературана бен сужда ца дар. Диснарг дерриг а - пуьташ, Iовдалшна гур а бу". (Вежарий Гонкур. Дневник.) Пессимизм ала а хала ду цунах. И яздархочун позици ю. Дуьнено ха хорцучу хенахь лардала дезаш ду адам. Ша Iехавайта ца веза политикашка. Ларвала веза кхечу къоме (я кхин хьежамаш болчу нахе) цабезамах а.
Оцу позицешкара язйина ю Кацаевн шолгIачу тIеман заманахьлера произведенеш.
Кафкин дневникаш йоьшуш цунна карладолу, ша дуьххьара зорбане вала хьаьжначу муьрехь(ХХ-чу бIешеран 80-гIа шераш), редакторша шега Кафкех а, Маркесах а яздан Iама бахар. Цара хесточу яздархочуьнга хьажархьама, хIеттахь Кафкин "НеI еттар" дийшира цо. Оцу дийцаро гайтира Сайд-Хьасанна, шена масаллина дуьхьал ветташ волчу яздархочун кхолларалла критикашна евзаш а ца хилар. Наха хеставо дела, кхара а хеставора, боху Кацаевс. "Хуур дара-кх иза нохчи а велахьара, вайн редакторех доьзна цуьнан йозанаш а делахьара".
Кафкин дневникашкахь го цуьнан декъаза кхоллам, исбаьхьаллин лехамаш а.
"АтталгIа фраза язъян а кхин ницкъ бац сан".
"Нийсса кхаа дийнахь хIумма а ца яздина".
"Цхьана ханна юкъара а ваьлла, со юха яздан волавелча, хIора дош а есаллера ийзош санна ду сан. Схьадоккху цхьа дош - деккъа и цхьаъ бен дан а дац сан, юха дерриг юьххьера доло дезаш хуьлу".
«Цигара схьадаьлла дара Нохчийчохь моде даьлла: "Стихаш ца язло буьйса" бохург, кхидерг а. Яз ца луш, бала хьоьгуш, цомгаш волчу яздархочух шайна, нахана а масал динера могуш болчара», - боху Кацаевс.
Церан талант цахилар дацара иза, боху Кацаевс, амма царна Москварчу Литинститутехь хьехнера - яздаран метта ца яздан. 
Кафкин дневникаш оьрсийн зорбанехь араевлча, уьш ешна, Кафка шена мелла а герга, юххера а карийра боху Кацаевс, шена иза тIехвиттинчу яздархошначул. Амма хIетте а Кафка, ша а тайпа-тайпана ши стаг ву, боху Кацаевс. Цомгашчун, язлуш воцчу стеган дахар, кхолларалла а масал хила ца деза могуш, язлуш а волчу стагана. ХIинца ша хала яздахь а, къона волуш ша дукха, атта а яздора. Цундела шена хьалха кхин масалш го цунна - Толстой, Диккенс, Бальзак.
Кафка зуда ца ялош, доьзал ца болош чекхваьлла шен дахарх. Цо доьзал болийнехь, иза кхечу кепара яздархо хир вара,  аьлла а хета Кацаевна.
Цхьалло, шеца чохь Iаш луьйш-олуш адам ца хиларо вина хета Кафка иштта, ша-шена чохь къовлавелла. Бакъду, Кафкина ша сица хьовха, дегIаца а цамгар (туберкулез) йолуш вуй хиъча къаьсттина, иза дохко-м ваьлла, ша зуда ялоза а, доьзал боцуш а хиларна. "Ма вуо ду зуда ялийна ца хилар. Хьайна цхьанна юург йохьуш цIа вар. Цкъа а хьайн зудчуьнца ламех хьала ца валар, нехан берашка а хьоьжуш, хьайга ала ца вахьар: сан дац-кха уьш". Цул тIаьхьа Кацаевс яздо: "Зуда ялийна ца хилар бахьанехь, Кафкин похIма дуьззинчу барамехь заза ца хоьцуш, къоначу, кIантстеган барамехь дисна".
Товратан: "Зуда йоцу стаг адам дац", - боху дешнаш, Кафкин масал тIехь иштта туьду Кацаевс: "Зуда йоцу стаг вуьззина къонах вац. Зуда ца ялийча стеган хьекъал, физически хьал а ца кхуьу. Дуьззина адам ца хуьлу цунах".
Кафкин нахах тера ца хилар литературни кхоллараллехь, цуьнан яздан инзаре боккха лаам, цуьнан къар ца валар, юкъаралло дуьхьало мел йи а, ша бохучунна тIера ца валар - и дерриге шена герга хетта Кацаевна.
Массо а: вевзарг а, ца вевзарг дуьхьала велира шена, боху Кацаевс, юьхьанца шегахьа хилларш а галбохуш, кхуьнан "оьзда йоцу" произведенеш зорбане ца йохуш.
Эссен и меттиг йоьшуш суна дагадаьхкира М. Лермонтовн "Вайн заманан турпалхо" повестехь волу Печорин сийсаз вечаьрга В. Белинскийс аьлла дешнаш: «Аша цунна неIалт-нажжаз цуьнан сакхташ, анташ, кхачамбацарш бахьанехь кхайкхош дац - шуьца-шаьшца уьш цуьнгахьчул алсам ду, мелла а цIармата а, дастаме а. Шуна гIерташ дерг, Iеткъаш дерг а - цуьнан маьрша, къайле йоцуш хецна хилар а, мел къаьхьа а бакъдерг диллина дуьйцуш хилар ду. Шуна адамо мел доьхнарг лелийча а, мел цIарматлонаш цуьнгара эгарх а хIумма ца хета, аша дерриг могуьйту, гечдо - ойланехь, барта а гучу ца доккхуш, гIиллакхийн духарца мел доьхнарг а хьулдеш хилчахьана. Иза ду шуна ца товш дерг - цо бакъдерг ма-дарра дийцар, цхьаннех эхь а ца хеташ, шайн-шайн цIераш а йохуш, бIаьрга тIе бIаьрг а боьгIна, цхьаннех а ийза а ца луш. Иза кхера хIума дац; цунна хаьа ша кхетамчохь вуй, ша-шена хетарг а воцуш, ша верриг вуй кху хенан минотехь. Цуьнан са маьрша ду, ондда ницкъ а болуш лаам бу, цуьнгахь шуна гуш долчу сакхташца ю стелахаьштигийн чехкалла а, серло а, гIора а. Иза тIехтайна, похIмаллин байтех воьттина ву хIара дуьне а шена емаллица дуьхьал даьллехь а. Иза башхачу Iалашонна кхоьллина, цуьнан некъ шуьнчух къаьстина бу. Цуьнан шовкъ - асар - йочанаш ю синош дохк-боданах цIандеш йолу. Цуьнан тилваларан "боьхалла", вайна мел тамашийна хетахь а, вайн къоман дегIа тIера "дера чевнаш а, кхераме цамгарш а" ю».
Кацаев нахах тера тийна-таьIна ца вогIу литературе. Иза тайфунах терра, цхьаьнгге хетта а ца хоьттуш, кор, неI, тхов тергал а ца деш, чуваьржа ворхI догIанан чIагIонехь лаьттина къайленийн тема нахала а йоккхуш. Критикашна ца лаьара Кацаевн кхоллараллех кхета, цуьнан хьостанаш гонахарчу дахарехь лаха а. Царна "эхь хетара" цуьнан кхоллараллин куьзганахь шайга хьовса, уьш кхоьрура бакъдолчух. Церан пачхьалкх гомачу куьзганех йоьттина яра. Цундела бакъдерг яздийриг, юкъараллин цIарматлонаш, чевнаш, цамгарш гойтург ца везара цу "пачхьалкхехь". Хьох яздархо хир вац алар, иза кхидIа ца кхиийтар гIолехь дара. Амма къона яздархо къар ца велира: «Критикаша оццул сан дагчу дожо гIиртина "сох хир вац яздархо, шена гуш дерг дIаяздарх хуьлуш вац яздархо, эрна къахьега ца оьшу", боху ойла тIе ца йитира сан даго».
Оцу къарцаваларехь амалш цхьаьна йогIу Кацаевн а, Кафкин а. Шайна ца хуучух, моьттучух а яздо цхьаболчу яздархоша. Я хиламех ма-дарра а ца яздеш, хила ма-деззара. Оцу позицешна аьттехьа а реза вац яздархо Кацаев.
Амма массара ша эвхьазчу темах тасавалар, зуда ялоза хиларна тIе тидарна, шен студентийн цикл йитина, эскаре воьду иза, могашалла бахьанехь ша мукъа витина воллушехь.
Экспрессионизман тIетевжина, тIаьхьа экспрессионист санна кхиина художник Кафка «вахаран тIаьххьарчу шерашкахь кхетта, -  боху Кацаевс, - Дала шена делла дахар ша хIаллакдина хиларх. Шен да, нана, хьехархой а бехке беш хилла волу иза, эххар а кхетта - бехке ша цхьаъ хилар. Пайденна долу цхьана а хIуманна со Iаьмма цахилар, цул сов, физически кIел висар а, ткъа и цхьаьна доьзна ду, - цхьаьна Iалашонца хила тарло. Цхьана а хIумано со юкъарвохийла ца лаьара суна, атталгIа могуш, пайденна а волчу стеган дуьненан синкъераме хьашташна а. Цамгаро, дакъазалло а ишттачу барамехь юкъах ца вохуш санна"».
Яздархочунна оьшуш йолу могашалла а, бахам а, зорбано хьоьстуш ир-кара хIоттор, гондхьарчара, гергарчара, дешархоша хастош дог эцар, собар а дукха ца гина Кафкина.
"Иза жимчохь дуьйна массарах къаьстина, цхьаьнцца уьйр йоцуш, шен ойланаш, гIенаш, книгаш ешар бен кхин гергарло а ца дезаш, хьуьнар доцуш стаг хилла. Цундела беза цунна яздархой-Iумсталзахой: Флобер, Кьеркегор, Клейст, Достоевский".
Шен инзаре доккха хиндолчуьнга сатуьйсуш, шен цIе дуьненна а йовза лаарна, дуьненан синкъерамах а, самукъадаларх а ша хаьдда Iерна чIогIа дохковолу Кафка. Шен сатийсамех догдилларца олу цо шен весетехь: "Ша мел яздинарг, цхьа кIеззиг доцург дагаде".
Кафкин цIе дуьненчохь шуьйра йовзарна, цуьнан куьйгайозанаш лардина, массо а бохург санна произведени, дневникаш а зорбане яьхначу Макс Бродан баркалла ала догIу.
Кафкин дахар доккха масал ду яздархошна, муха ваха ца веза гойтуш.
«Гуттар адамех уьдуш, зударех лечкъаш, шен фантазешца вехаш, цамгар ирс лерина волу Кафка, шовзткъа шаре ваьлча кхетта: шена чохь готтехь йохкуш, ша хьийзош хилла произведенеш ша ца язйиний я язйийр йоций, уьш язъян шен ницкъ боций а; хIинццалц ша дIатиттинарг, ша иддарг, ша кхийринарг а ирс хиларх: "Йист йоцу, кIорга, довха, кIелхьара воккхуш ирс ду - шен беран агана юххехь хиъна Iар, нанна хьалха". "Ма ирс ду адмашца цхьаьна хилар"».
Адамех а, адамийн мел чаьмзачу а дахарх хаьдда, диканан, вонан, мерза, къаьхьа, харцонан, бакъонан чам бовзаза, холбатехь дерриг а дахар токхуш, вахар нийса дац, боху жамI ду эссен.
Цхьаболчу яздархойн цIераш исторехь церан романаш, дийцарш бахьанехь йисина. Кафкас дневникаш ца язйинехьара, цуьнан чакхйовлаза йолу романаш кIеззигчу наха бен йоьшур яцара. Цхьадерг барам боцуш тIех хастадо критикаша. Дневникаш бахьанехь Кафкин цIе литературан дуьненахь шуьйра яьржинехь а, цуьнан некъаца (Дала шена делла дахар хIаллакдеш) гIаравала гIертар къобал ца до Кацаевс. Дала кхоьллина адам шен дахаран да хила деза. Амма Iалашоне доьгIначу къилбанах ца вухуш Кафкин дIагIертар, къар ца валар, ша тIелаьцначу балхана тешаме хилар а - уьш тоьлла амалш хета, хьамма а шегахь кхио йогIуш.
Хетарехь, Кафкех лаьцна яздеш, Кацаевс хIоттийна Iалашо цуьнан кхолларалла таллар яц, яздархочун амало, могашалло, цуьнан вахаро а кхоллараллина беш болу теIаткъам гайтар ю. И цо кхиамца кхочуш а йина.