***

Асет Халикова
стаг вара барми т1е ваьккхина


Стаг вара барми т1е ваьккхина,
Стаг вара са дег1ах къаьстина…
Дуьненчохь, Эхартахь воцуш,
1ожаллехь, дахарехь воцуш…
Стаг вара барми т1е ваьккхина.
Хан яр-кха дуьненчохь яьккхинарг!..
Дуьненна цо шен букъ берзийра,
Дийначо тезет д1аерзийна…
Къиноша деса каш дуьзира,
До1анаш доьлхуш а хезира…
Стаг вара кешнашка ваьхьинарг.
Дуьне-м цо шеца ца даьхьира…
«Ва, Дела! Ва орца!..» – хезара,
Ткъа цунна-м до1анаш дезара.
«Дуьне – и-м мерза г1ан хиллера,
И цуьнан хазаллехь тиллера…»
Стаг вара лахьти чу виллинарг,
Шен къайле йовза ца кхиинарг…
17.08.2010
***