Дахаран цхьамза поэма

Асет Халикова
1
Ца соцуш, беттало хIораннан дахаран цхьамза,
Мичахь и соцур бу хууш дац адамех цхьанна.
Мел чIогIа ницкъ хиларх, цхьаммуо а сацор бац иза,
Ишта ду-кх дахаро вайга схьакховдийна низам.

ДIо лаьтта ножан дитт хетало гIайгIанах дуьзна,
Сан санна, цуьнан а жималлин малх а дIабуьзна.
Дистхила йиш яц и  – ишта ду-кх дахаран гIиллакх,
Вайх хIораъ гуттар а гурашкахь цуьнан ма хилла...

Малхбалехь малх бузар цкъа маццаъ хирг хиларх тешна,
Хийла стаг дIавахна, доггах и хиларе хьежна...
Малхбузехь малх кхеташ гIенах цкъа сайна схьагина,
Сан дегIан хIора цуьрг йилхира адамийн къина...

Хьо жима ву аьлла цхьаннел а тIаьхьа ца вуьтуш,
Я воккха ву аьлла цхьаннел а хьалха ца воккхуш,
Iожалло къастийнарг дахаро къарвина вуьтуш,
Дуьне ду-кх шен цхьа го юх-юха карла ша бохуш.

Азаллехь дуьйна схьа сан деган охIла а хилла,
Дайшкара кхаьчна соь кху махках йолу сан гIайгIа...
Нохчийчоь, хьо езна ца хиллехь суна сайн сил а,
Ахь суна хьарам де хьайн махкахь маьрша ког биллар.

2
Нохчийчу мел догIу декъала, декъаза некъаш,
Орамаш тасале кхелхинчун кошан барз санна,
Къух даьлла дисича, хьаша-да воцуш уьш декъа,
Хаддаза деган неI еттара илланчас. Амма...

Хьешана ков деллахь дакъаза яларна кхоьруш,
Сан нанас боьллина хилла гIуй баста соь, бохуш,
Къаръяла ца туьгуш, йилбазо хьесталуш бахарх,
Ас хIетахь, бераллехь, долийна хилла сайн дахар.

Мецачу Iожалло дайшна тIе шийла мот хьаькхна,
Кхолламаш - къайленаш йогучу шен бага кхоьхьуш,
"Ткъарш" аьлла, дог эккхаш хиллехь а шийла мохь хьаькхна,
Сан узар бераллехь бисна бу, Деле а доьхуш.

Шен нана шен йоций хиъна верг санна со йоьхна
Хьежна кху Даймахке, цунна чохь цхьа беркат лоьхуш.
Когаш кIел хаалуш дахаро шен зIийдиг хоьцуш,
Лаьттина хеталуш чуртана метта со йоьгIна.

3

Лаьтта тIе куьг дуьллий, ладоьгIу ас цуьнга хийла.
Мичахь ю-техьа и гIаланаш вайл хьалха хилларш?
БIаьргаш чохь дегадеш эзарнаш эзарнаш хаттарш,
Жоп дала да воцуш, гора а яхна со лаьтта...

Яхь ца луш, гIазотехь эгначу сан ворхIе дайша,
Лайначун теш хIуттий, Iаламо доладо дийцар.
И дийцар хададой, харцдо и дуьненан лайша,
Амма дIадайалац яздинарг хьаналчу цIийца...

"Бистхила йиш йоцуш, со-м кхузахь атта ца лаьтта, –
Уггар а лекха лам бистхуьлу делхадеш тIулгаш, –
Шовданаш – бIаьрхиш сан, ницкъ бац уьш кхин кийрахь хьулдан,
Кхолламан хьукманца теш хилла со кхузахь лаьтта.

Кху махкахь мел Iенна цIий лаьтто худаза сийса,
Кхузахь мел эгначех хьоьгура дIавигнарг йийсар.
Дуьненна тIехула айбина гIазотан байракх,
Наноша хийлаза кхиийра кIант барзал майра".

Кхин дIа а дуьйцу цо, жил-Iалам ойлане доккхий,
Кхин дIа а дуьйцу цо, ладоьгIург йохье а воккхий.
Къизачу дахаро беш гина нийсонна бекхам,
ЧIара а буьсура Iадийна, дицделла нека.

Маьршачу стигла тIехь мел кхозу и сирла седа,
ХIоранна шен хета, ткъа уьш ду массарна лепаш.
Аганахь дуьйна схьа кечдина дов шега хьедарх,
Къонахчу ца вухуш дина ду цу девнан хьесап.

Зикаран чIагарехь воьдучун хьалха я тIаьхьа
ДIа хьакха ца велла чекхваьлларг нийса чекхваьлла.
Ишта хьо дахарехь нахаца тарвелла вахахь,
Бохуш вай кхиийна мас тIаьхье яьлла?!!"

Ткъа цуьнан дийцарехь заманаш хуьлура ийна,
Амма уьш лам санна, хуьлура са долуш дийна...

4

ХIоразза керланиш паччахьаш  дарже а богIий,
ХIоранна лекх-лекха хIолламаш харц сий деш югIий,
Декъаза ваьлла верг хуьлура писанийн туркх хилла хьийзаш,
Декъала хилла верг – зикарийн чIагарехь хьийзаш.

Дуьненна тIебижна заманийн харцонан Iеха,
Амма и хилла бац сан халкъан иэсал а беха.
Бакъдерг схьадуьйцуш ду Нохчийчохь хIора гIан-патар,
Со делла ялале жоьпех а дузу сан хаттар.

ТулгIенаш айайой, хиш керчош, дистхуьлу шовда –
"Хьан дедайн цIий дуьлуш къийсамехь со хийла Iийна".
ТIулгаш а теш хIуьтту, хIинцалц шаьш Iийнехь а тийна.
Седарчий лепара гIазотехь беллачийн сийна...

Иэс дагош латийна Хьайбахахь адамех цIе а,
Орамех хадийна, дIадигна нохчийн къам цIера...
Делах а волура хилларг цу харцонна къера,
Иман ца тоьънарг а волура цу уьнах хьера.

5
"Цкъа соь а дийцийта! – дистхуьлу къора аз соьга, –
Ас а дIадуьйцр ду къизачу бакъдолчух хьоьга.
Гой хьуна сина Терк гIайгIане, карзаха догIуш?
Цуьнца ду шен гIуда – дуьненца нисдала догIуш".

Хийлаза тIеман чов йилина шен тулгIеш ловзош,
БIешерийн теш хилла, харцдина бакъдерг а дохьуш,
Дадийн юрт ягийча, мехкан сий ца гайта ловзош,
Мехкарий кхелхира кхузахь шайн гIазот а доккхуш.

Къийлина шегахь и Даймахках хьирчина бала,
Терко а эцна ю дуьненчохь карзаха амал.
Дадин юрт, Хьайбаха, цу озо кхин цIераш йоху,
Сийдолчу мехкаршца сан дог а йохье цо доху...

6
Заманаш хьехаеш бIешераш сама а довлий,
Керлачу гIайгIано цхьалха дог мара а къовлий.
Ас а дIадалхадо Iаьткъинарг жимачу кийрахь,
Хилла ца хиларна и зама сайн синна хийра.

ТкъолгIачу бIешеран чакхенан юьхь схьа а йостий,
Лазамийн хIайкал сайн даг тIера даьккхина, достий,
Дуьйцу ас, Даймехкан дог саццал, къизалла хьаьъна,
Нохчийчоь цестарах хIинца а ца дирзи даьIнаш.

Замано кхолийра, Даймохк, хьан син цIена Iадат.
Ваша вуьйш даьккхинарг хуьлура тIаккха вайн гIазот.
Харцоно къардина, сама а ца долуш, хийла
Вайн къомо текхира дуьненчохь баланаш шийла.

7
Чухьажча тIулгаш а дагардал, сил цIена Орга!
Хьан иэсан лараш ю йист йоцуш, бух боцуш кIорга...
Хьан хи тIехь цу Мохьмад-шейхо цкъа дина цхьа ламаз,
Тоьар ду къам хилла кху махкахь вай даха Iама.

Хино ца карчийра ламазна цо тесна  цIока,
ДоIанца йийхира ДегIаста цо вахна гора.
Эвлъяийн беркато мохк цIинбар цу Шаройн ломахь,
Карор ду и тайпа дийцарш а иэсехь вайн къоман.

8
Теш хилла лаьтта со еллалуш бIешеран къайле,
И йовза гIерта со бIешарна иза дIаяле…
Лазамаш зингатех хаддаза лаьтто чууьйзу,
Бакъдерг ас заманех, дахарах сайн куьйга луьйсу…

Ламанийн хьехнашкахь Iихкина историн хьаьркаш,
Беза тIулг дIахуьлий, хьех чуьра схьа арайовлу.
Даджал а гуттар а лаьттинарг сан къомах кхаьрдаш,
Стиглано шед тухий, цу лаьтто шен кийра къовлу…

Баланехь литтинарш, букъ нисбой, ладегIа хIуьтту,
Къийсамехь эгийнарш, бIаьрлагIех бIаьрг дуьхьал хIуьтту.
Харцонах – харцдерг а, нийсо а хуьлура нийса,
Цхьанна ца дуьсура цхьанцце а хIумма а къийса.

Кху махкахь мел долу беркат схьа гуча а долий,
Уггар а лекхачу лома тIе сихонца йолий,
Лаьтта со, хазалло дог а сан, бIаьрг а къарбина,
Цунах ца ялийта, доIанна куьйгаш айдина…

ДоIа

Сан Даймохк – дезачу, цIеначу беркатан латта!
Делан дош лардина, бусалба дог долу латта!
Эвлъяийн, устазийн цIеналло хаздина латта,
Са цIена, сурт хаза, хIинцачух хьо тхуна латта!

Хьол деза, хьол цIена хIума ца хетачу синна,
Декъазчу, ирсечу, цхьалхачу тхан синойн къина,
ГIазотехь эгначу хьан кIентийн синошна тIера,
Дуьненчохь ма хила хьо цкъа а харцонна къера!..

ДIадахнарг, долуш дерг, хиндерг а цхьаьна гулдина,
Тешнабехк, ямартло дIайоккхуш, хьан дог цIандина,
Нохчийчоь, декъаза хьайн доьзалш бе хьайна муьтIахь!
Хьо яц и, хилла ерг даима цу Далла муьтIахь?!

ХIай Дела, оьгIазло дIаяккхий, тхо самадаха!
Ницкъ лохьа, хьекъал ло, собар ло даха…
Муха а тIеярах дуьненна и хьаша – зама,
Иман ло, оха Хьо реза веш даха тхо Iама.

ХIай Веза, хIай Лекха, хIай Сийлахь АллахI-Дела!
Дерриге хIуманан да волу, сийдолу эла!
Декъалде Ахь тхуна делла тхан Дймехкан латта.

Даймехкан беркат
Сийна стигал санна, лекха дехьа,
Iаршан лакхе санна, деза дехьа,
ГIа-буц санна, шорта дебадехьа,
Iаьржа латта санна, кIорга дехьа,
Сийна хIорд санна, шор а дехьа,
Замзаман хи санна, цIена дехьа,
Ялсаманин стом санна, мерза дехьа,
Хьайн возаллора, хьайн сийлаллора!
Дехар – лайн гIиллакх ду-кха, далар – элан…
Ас хьайга кховдийна куьг деса ма дерзадехьа!
Iаьржа мохк кIайн бехьа!
Готта маршо шоръехьа!
Доьлху дегнаш деладехьа!
Сан Нохчийчоь декъалъехьа!

Дерзор

БIаьрхино дегийна, латта а схьа самадолу…
Нохчийчохь машаро, тIам тоьхна, шен илли олу…
Стигла а екхна ю, латта а бIаьстено хьийна,
Со а юй хаало хIинца а са долуш дийна…

Ас илли санна, хьо, Даймохк, сан дахаро цIинбеш,
Харцо а егийна, сайн корта лаккха ас йабеш,
Илланчин деза дукъ хаалой белшаш тIехь сайна,
Ас лаьтта ког буьллу, хIуманах ца кхоьруш, майрра…


Абадехь дайна ирсан цинцаш

Са лаьтта сан цигахь,
Сайн марзо геналло лачкъийча санна.
Духьалх1уьтту наггахь,
Б1ешерийн кхера иэсана хьалхара д1а а хуьлий.

И латта а, и мохк а хьанбелла
Сан дендайн хьацарх, ц1ийх, дог1мех…
Уьш цигахь 1ахка бисина,
Чим хилла б1ешераш санна,
Дуьненна т1ехула махо д1асадаржийна
Х1ун буьртигаш санна…
Сан дендай, сан ворх1е а дай.
Маржа! Маржа!..
Кхул т1аьхьа-м дуьне, т1ор санна хьовзийна,
Генна паналле д1акхоьссича а х1ун башха дара,
Даймахках даьхна, дахаро къардиначу синошна?..
Ирсан т1адаман цхьа чам лоьхуш,
Дуьненан ерриге къизалла а лайна,
Кхин пусар а доцуш, буй а ца хууш
Д1абайна седа санна, гуттаренна д1адайна дахар,
Къоман масийтта чкъор…
Тахана сайна т1ера а, дуьненна шайх саг1а деш,
Д1абайча санна хета суна уьш.
Есаллехь божийна хин чами санна,
Абадехь д1адайна ирсах хьегна цинцаш – адамаш – сан дедай…
Январь, 2010